1 [54] Йиш. Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2 Веза Эла сийлахь ву, хастам бан Иза чӀогӀа хьакъ долуш а ву, вайн Делан йолчу гӀалахь, Цуьнан безачу лома тӀехь.
3 Цийон-лам шен локхаллица хаза бу, дуьненан хазахетар а иза бу. Цуьнан къилбаседехьа агӀор сийлахьчу Паччахьан гӀала ю.
4 Цуьнан гӀепашкахь волчу Дала нах ларбийриг Ша хилар гайтина.
4
5 Паччахьаш, цхьаьна а кхетта, гӀалина тӀелата тӀебахара.
6 И дерриг ган а гина, Ӏадий уьш, боха а боьхна, дӀабевди уьш.
7 Кхерамо, бохийна, хьовзий уьш, берах хьийзош йолу зуда санна,
8 доккхачу хӀордкеманашна дуьхьал малхбалера хьаькхначу дарцо санна.
8
9 Хьалха тхуна Делан гӀуллакхех лаьцна хезна, ткъа хӀинца уьш ги тхуна тхайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Элан гӀалахь. Дала и гӀала гуттаренна а латтайо.
9
10 Ва Дела, Хьан хедар боцучу безамах лаьцна ойланаш йо оха, Хьан цӀийнан кертахь лаьтташ.
11 Веза Дела, лаьттан йистошка кхаччалц йоккхуш йолу Хьан цӀе санна бу Хьуна бо хастамаш. Хьан аьтту куьг ду нийсонах дуьзна.
12 Цийонан нехан самукъа а долийла. Хьан бакъйолу кхелаш бахьанехь ЯхӀуд-мехкан ярташна хаза а хетийла.
12
13 Цийон-ломана гонах чекх а довлий, цунна го а баккха, цуьнан бӀаьвнаш ягар а е.
14 Цуьнан арахула йолчу чӀагӀонийн тидам бе, дикка хьажа цунна чохь йолчу гӀепашка, царах лаьцна дийцархьама хинйолчу тӀаьхьенашка:
15 «И Дела абаденналц вайн Дела ву. Вай делла дӀадовллалц Иза вайн урханча [55] ву».
Institute for Bible Translation, 2012