1 [57] Асайпан назма. Деланийн Дела волчу Везачу Эло Шена тӀекхойкху малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц долу дерриге а латта.
2 Хазаллехь кхоччуш болчу Цийон-лома тӀера Дела Шен нуьраца серлавуьйлу.
2
3 СхьавогӀур ву Вайн Дела, амма тийналлица вогӀур вац Иза. Дерриг хӀума а дӀакхоллуш йолу цӀе ю Цунна хьалха, чехкабаьлла мох бу Цунна гонах.
4 Лакхарчу стигале а, иштта лаьтте а кхайкхам бо Цо, Шен халкъана Ша кхел ярхьама:
5 «Схьагулбе Со волчу Суна тешаме берш, сагӀа даккхарца Соьца барт бинарш».
6 Стигалша Цуьнан нийсо кхайкхайо, хӀунда аьлча Дела — Ша ву Кхелахо.
6
7 «ЛадогӀа, Сан халкъ, Ас дош эр ду. Исраилан халкъ! Ас хьуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. Со Дела ву, хьан Дела ву!
8 Ахь дохучу сагӀанашна дуьхьал эр дац Ас хӀумма а — хьан дийнаташ дагоран сагӀанаш гуттара а ду Суна хьалха.
9 ХӀетте а, Ас хьан цӀентӀера стерчий а схьаоьцур дац я хьан гӀотанашкара бежалой а тӀеоьцур яц.
10 ХӀунда аьлча хьаннашкара ерриг акхарой а Сан ю, эзар лаьмнашкара хьайбанаш а Сан ду.
11 Лаьмнаш тӀера дерриг олхазарш а девза Суна, аренгара бежанаш а ду Суна хьалха.
11
12 Нагахь Со мацвелча а, хьоьга эр дацара Ас, хӀунда аьлча Сан ду дерриг дуьне а, цунна чохь мел долу хӀума а.
13 Стерчийн жижиг дууш ву ткъа Со, я бежалойн цӀий молуш ву ткъа Со?
14 Ахьа Далла сагӀина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де.
15 Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кӀелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду».
15
16 Амма Ӏесачуьнга Дала иштта боху: «Ас тӀедехкинарш а хӀунда кхайкхадо ахь, Соьца бина барт а хӀунда бу хьан багахь?
17 Ткъа хьо нисвар хьуна бӀаьрга дан ца деза, Сан дешнаш а хьайна тӀехьа дӀатотту ахьа.
18 Хьайна къу гича, цуьнца а лела хьо, сийсаза лелачаьрца а хьо-со хуьлу хьан.
18
19 Ахь хьайн багах вон дешнаш а довлуьйту, хьан матто мекарло а кхуллу.
20 Охьа а хаий, хьайн веших лаьцна вониг олу ахь, хьайн ненан кӀантах лаьцна харцдерг кхуллу ахь.
21 Ахь иза леладора, ткъа Со вист ца хуьлура. Хьуна-м Со хьайх тера ву моьттира. Амма хӀинца Ас хьуна тӀехдеттар а ду, хьан бӀаьргашна хьалха Ас хьох бехк боккхур а бу.
21
22 Кхеталаш хӀокхунах, Дела вицвинарш, Соьга шаьш хьийза ца дайтархьама, шу кӀелхьардохург ца хиларна.
23 Суна сагӀина хастамаш бахьаш волчо Сан ларам бо. Ша лела некъаш нисдеш волчунна Ас Делера долу кӀелхьарвалар гойтур ду».
Institute for Bible Translation, 2012