1 [59] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехаме назма,
2эдомхочо ДуагӀа, Дауд Ахьи-Маликан цӀийне веана аьлла, Шауле мотт тоьхначул тӀаьхьа аьлла йолу.
2
3Айхьа зулам дарх дозаллаш стенна до ахь, нуьцкъала стаг? Дела массо а ханна тешаме ву.
4Хьан матто хӀаллакьхилар дуьйцу, ира урс санна бу хьан иза, ямартниг!
5Хьуна вониг дикачул алсам деза, бакъдолчул а харцдерг алсам дийца лаьа хьуна.
6Зуламе къамелаш деза хьуна, ямарта мотт.
6
7Дала, хӀаллаквина, дӀавоккхур ву хьо, цӀа чуьра аракхуссур ву, дийначийн лаьтта тӀера хьан орам а дӀабоккхур бу.
8Иза а гина, Делан лаамехь берш ларамах буьзна хир бу. Уьш боьлур бу цунах:
9«Делах шен чӀагӀо а ца еш, шен доккхачу хьолах а тешна, зуламаш тӀехь чӀагӀвелла вара и стаг».
10Ткъа со Делан цӀа чохь зазадоккхуш долу зайт-дитт санна ву, ерриг а тӀейогӀучу ханна Делан хедар боцучу безаме сатесна а ву.
11Ахь динчунна гуттар а Хьуна хастам бийр бу ас. Хьан цӀарах догйовха хилла, иза хастор ю Хьуна тешамечу нахана хьалх.