1 [60] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехаме йолу хӀара назма «Махьалат» олучу мукъамехь лакха езаш ю.
2Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Уьш ма телхина бу, цара лелориг ма дегаза хӀума ду. Царах цхьа а диканиг дийриг вац.
2
3Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Дела, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.
4Берриш а нийсачу некъа тӀера дӀабирзина, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац.
5Кхетаме богӀур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш, ткъа Деле ца кхойкхурш?
5
6ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу, кхераме хӀумма а дацахь а, хӀунда аьлча хьуна дуьхьалбевллачеран даьӀахкаш Дала дӀасаяржор ю. Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттор бу уьш, Дала уьш дӀатесна дела.
7Исраилан халкъана кӀелхьардовлар Цийон-лома тӀера догӀур делахьара! Шен халкъ Дала юхаметтахӀоттийча, Якъубан халкъан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара.