1 [62] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: мерз-пондарш тӀехь ала езаш йолу Даудан хьехаме назма.
2Дела, сан доӀа дӀа а хазахь, сан дехарх къайла а ма валахь.
3Сан тергам а бехьа, суна жоп а лохьа. Сан дог а доьхна, со гӀайгӀанехь а ву. Со карзахвуьйлу,
4мостагӀчун аз хазарна а, Ӏесачара суна гӀело ярна а, хӀунда аьлча цара суна дуьхьал зулам а леладо, уьш дераллица дуьхьал а бевлла суна.
4
5Сан кийрарчу даго а хьийзаво со, Ӏожаллин къемато а дӀалаьцна со.
6Кхерар а, вегавар а тӀедеана суна, Ӏада а вина, воьхна хьийза со.
7Цундела ас элира: «Кхокханан санна долу тӀемаш суна хьан лур дара? Со, тӀема а ваьлла, паргӀатвер вара.
8Со, генна дӀа а вахана, яьссачу аренгахь вуьсур вара.
9Йилбазмохах а, дарцах а со дӀалачкъа сихлур вара».
10Хьалдолу Эла, меттанаш э а дай, къамел карзахдаккхахьа сан мостагӀийн.
10Къизалла а, барт цахилар а го суна гӀалахь.
11Дийнахь а, буьйсанна а цу гӀалин пенаш тӀехула го боху цара. Цу гӀалахь зуламаш а, баланаш а бу.
12Цунна чохь бохамаш а хуьлу. Цуьнан майданашкара нахана гӀело яр а, мекарлонаш лелор а дӀа а ца долу.
12
13Ткъа сан мостагӀа вац со емалвийриг — иза-м ас ловр дара. Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац — цунах-м со къайлавер вара.
14Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг — сан уллора доттагӀа, со тешна Ӏаш верг.
15Вайшиммо вовшашка дагара а дуьйцура, адамийн тобанна юкъахь вайшиъ цхьаьна Делан цӀийнан керта а воьдура.
16Сан мостагӀашна тӀе цӀеххьана Ӏожалла йогӀийла. Дийна боллушехь уьш эхарте боьлхийла, хӀунда аьлча вониг царна юкъахь долуш ду, вониг церан дегнаш чохь долуш ду.
16
17Ткъа со-м Деле кхойкхуш ву, Везачу Эло со кӀелхьар а воккхур ву.
18Суьйранна а, Ӏуьйранна а, делкъахенахь а со латкъамаш беш а ву, узарш деш а ву, ткъа Цунна сан аз дӀахезар ду.
19Суна дуьхьал бинчу тӀамах Цо со маьршачу метте воккхур ву, суна дуьхьалбевлларш алссам белахь а.
20Азалера дуьйна олалла деш волчу Далла со дӀа а хезар ву, Цо уьш сийсаз а бохур бу. Уьш цкъа а хийца ца бели, хӀунда аьлча уьш Делах кхоьруш бац.
20
21Сан доттагӀа хиллачо шен накъосташна дуьхьал куьг айдина, цаьрца ша бина барт цо боха а бина.
22Цуьнан бага даьттанал а кӀеда ю, амма цуьнан даг чохь мостагӀалла ду. Цуьнан дешнаш зайтдаьттанал а кӀеда ду, ткъа уьш, баттара даьхна тарраш санна, ира ду.
22
23Хьайн гӀайгӀанаш Везачу Элана тӀеяхка, ткъа Цо хьо чӀогӀа лоттуьйтур ву. Шен лаамехь верг Дала цкъа а дӀасатоьхкуьйтур вац.
23
24Амма Ахьа, Дела, уьш кӀоргачу эхарта чу туьйсур бу. Адамийн цӀий Ӏеночара а, мекарлонаш лелочара а шайна дуьнен чохь яккха еллачу хенан аххан а йоккхур яц. Ткъа со Хьох тешна Ӏаш хир ву.