Забур 62:1-12 CHE2012 - Bible AI

1 [72]ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахь ша волуш Дауда аьлла йолу назма.

2Дела! Хьо сан Дела ма ву! Сан даго Хьо даим а лоьху! Хьоьга сатуьйсуш ду суна чуьра са а. Кху даьссачу, дакъаделлачу, хине сатуьйсучу лаьтто санна, Хьоьга сатуьйсу ас.

3Хьан дезачу цӀа чу хьоьжура со, Хьан нуьцкъалалла а, сийлалла а гархьама.

4Хьан безам а, дикалла а дахарал гӀоле ду. Хьо хестош, бага юьззина ас илли эр ма ду.

5Дуьнен чохь со мел веха, Хьо аса хестор ву. Хьоьга доӀанаш а деш, куьйгаш хьалакхийдор ду.

6Токх кхачано санна, сан са Ахь дузу. Сайн айдинчу озаца Хьуна ас хастам бо.

6

7Хьох лаьцна ойла йо ас буьйсанан дакъошкахь, Хьо дага оьху суна вижинчу хенахь!

8Суна гӀо а Хьоьгара ду, Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь со воккхавеш хир ву.

9Сан са а безамца Хьох дӀа ма хьерча. ГӀо деш, со дӀалоцу Хьан аьтту куьйго.

9

10Сан валар лоьхуш берш лаьттан буха кхочур бу.

11Нуьцкъалчу таррашца эшийна уьш хир бу. ЧангӀалкхийн ижу хилла, уьш дӀахӀуьттур ма бу.

12Ткъа паччахь а воккхавийр ву Дала шена деллачух. Хастамах вузур ву хӀора Делах дуй буург а, хӀунда аьлча мотт сецна буьсур бу харц мел луьйраш а.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>