10Ахь латта Ӏалаш а до, цунна хи а латтадо, иза токхе а хуьлуьйту Ахь, тӀехъюьзна йолу хин Ӏовраш а луш. Ахь адамашна ялта кхуьуьйту, Айхьа латта оцу гӀуллакхна кхоьллина дела.
11Ахь лаьттан хершнаш хих а дузу, гӀорзанаш дӀа а шарйо, догӀанан тӀадамашца латта кӀад а до, цу тӀехь мел яьлла хӀума декъал а йо.
12Ахь шарна а, коьрта тӀе таж санна, беркат кховдадо, Хьан лараш а токхонах юьзна ю.
13Ахь яьссачу аренашкахь дежийлаш а ло, гунаш хазахетарх а дузу.
14Сийначу дежийлашкахь жаш ду дежаш. ТогӀешкахь ялта ду кхуьуш, даккхийдерца эшарш а лоькхуш.