Забур 66:1-8 CHE2012 - Bible AI

1 [76] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара йиш, хӀара назма, мерз-пондаршца лакха езаш ю.

2Дела вайца къинхетаме хуьлийла, Цо вай декъал а дойла, Цо Шен юьхь тӀера серло вайна лепайойла,

3кху лаьттарчу адамашна Хьан некъ бовзийтархьама а, массо а халкъашна Хьоьгара долу кӀелхьардовлар довзийтархьама а.

3

4Ва Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша. Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.

4

5Самукъа а долийла, хазахетар а хуьлийла къаьмнийн, хӀунда аьлча Ахь халкъашна тӀехь нийсонца кхел а йо, лаьттарчу къаьмнашна тӀехь урхалла а до.

5

6Веза Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша. Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.

6

7Лаьтто шен стом белла. Вайн Дела волчу Дала вай декъалдо.

8Дала вай декъалдо, лаьттара массо а маьӀӀера адам Цуьнга болчу ларамах дуьзна хилийтархьама.

Institute for Bible Translation, 2012
v>