1 [80] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш йолу Даудан назма ю хӀара.
2 Ва Дела, кӀелхьарваккхахьа со, хӀунда аьлча сан логге кхаьчна-кх хиш.
3 КӀоргачу уьшал чохь висна со, тӀе ког хӀотто меттиг а яц суна. Хийн кӀоргене чуваьлла со, цуьнан чехка дахаро дӀавуьгу со.
4 Орцанаш дукха дахарна ца мегачу ваьлла со, къамкъарг якъаелла сан. Сайн Деле ладегӀарна, бӀаьргаш гӀелделла сан.
4
5 Ца веза бахьана доцуш, со ца везарш сан коьртарчу месел а дукха бу. Харц бахьанашца сан мостагӀий нуьцкъала бу, ткъа уьш со хӀаллакван гӀерташ бу. Аса шайгара къола деш яьккхина йоцург, шайна схьало бохуш, цара со хьийзаво.
6 Ва Дела! Хьуна евза сан сонталла а, сан къинош а Хьох къайла ца девлла!
7 Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла, Хьоьга сатийсар долчарна со бахьанехь эхье хӀума тӀе ма догӀийла. Исраилан халкъан Дела, Хьо лоьхуш лелаш берш соьгахула юьхьӀаьржачу ма хӀуьттийла.
8 Хьан дуьхьа лов аса сайна бо тӀехбеттамаш, дерриг а со, юьхьӀаьржачу а хӀуьттуш.
9 Сан вежаршна хийра хета со, сан ненан кӀенташна геннара хета со.
9
10 ХӀунда аьлча Хьан цӀийне болчу хьагамо вагош ву со, ткъа Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш суна тӀе эгадо.
11 Велха а воьлхуш, ас марханаш кхобу, ткъа и бахьанехь со дола хета.
12 Сингаттаман духар сайна тӀе духу аса, ткъа цара сох лаьцна беламна кицанаш даладо.
13 ГӀалин кевнехь хиъна Ӏаш болчара сох лаьцна ца бешаш къамелаш до, чагӀар муьйлучара а, сох буьйлуш, со шайн эшаршна юкъавалаво.
13
14 Ткъа ас, Веза Эла, Хьоьга сайн доӀа до. Хьайна дика ду аьлла хеттачу хенахь, Хьайн боккха безам хиларна, Ахь билггал со кӀелхьарвоккхург хиларна, дӀахазахьа со.
15 Со кӀел ца висийтархьама, уьшал чуьра хьалаваккхахьа со. Соьга безам боцучех а, кӀоргачу хих а кӀелхьарваккхахьа со.
16 Чехка доьдучу хине со хьул а ма вайтахьа, кӀоргачу хине со дӀа а ма кхаллийтахьа, эхарта чу а вахийтина, иза суна тӀаьххье дӀа а ма къовлийтахьа.
16
17 Хьан безам дика болу дела, Веза Эла, со дӀахазахьа, Хьан боккхачу къинхетамалле хьаьжжина, соьгахьа схьаверзахьа.
18 Хьайн лай волчуьнгахьара Хьайн юьхь Ахь дӀа ма ерзаехьа. Сихха дӀахазахьа со, хӀунда аьлча со гӀайгӀанехь ма ву.
19 Сан синна гергахьа а волий, иза кӀелхьардаккхахьа. Сан мостагӀех со кӀелхьарваккхахьа.
19
20 Хьуна хаьа со емалвеш хилар а, сийсазвохуш хилар а, юьхьӀаьржачу хӀиттош хилар а. Сан берриг а мостагӀий Хьуна хьалха бу.
21 Со емалваро сан дог а дохийна, со холчу а хӀоттийнера. Аса сайх къинхетам бар лоьхура, амма иза бацара суна. Аса сайн догъоьцурш лоьхура, амма уьш ца карийра суна.
22 Сан кхачанца цара стим эбира суна, со хьогах волуш къонза малийра суна.
22
23 Шаьш дуучу тойнах дӀалоцу бой хуьлийла царна, цунах гур хуьлийла церан доттагӀашна.
24 Царна хӀумма а ца гайта, церан бӀаьргаш кхулийла. Церан баккъаш гуттаренна а ситтина хуьлийла.
25 Царна тӀе Хьайн дералла Ӏанаехьа. Хьан чӀогӀачу оьгӀазалло дӀалоцийла уьш.
26 Церан меттамотт а бассийна хуьлийла, церан четарш чохь цхьа а ма вехийла.
27 Ахь таӀзар диначарна тӀаьхьабевлла лелаш бу уьш. Ахь лазийначеран баланех лаьцна къамелаш деш бу уьш.
28 Церан массо а къинош дӀаяздехьа, Хьайн кӀелхьарбахаре уьш ма кхачийтахьа.
29 Дийна болчеран тептар тӀера церан цӀераш дӀайовлийла, Хьан лаамехь болчеран цӀерашца цхьаьна церан цӀераш ма язйойла.
29
30 Ткъа аса гӀело а хьоьгу, со баланехь а ву. Дела, Ахь со кӀелхьар а воккхийла, лар а войла.
30
31 Сайн Делан цӀеран сийлалла ас иллешкахь хастор ю, баркалла аларца ас Иза хьалавоккхур ву.
32 Иза Везачу Элана тамехь хир ду, сагӀина бахьачу старал а, маӀаш а, бергаш а йолчу старгӀанал а.
33 ГӀело хьегначарна иза гур ду, церан самукъадер ду. Дела лоьхуш дерш, шун дегнаш денлур ду.
34 ХӀунда аьлча Везачу Эло мискачаьрга ла а дугӀу, йийсарехь болу Шен нах Цо дӀа а ца тотту.
34
35 Хастамаш бойла Цунна стигалша а, лаьтто а, хӀордо а, цу чуьра дийна мел долчу хӀумано а.
36 Дала Цийон-лам кӀелхьарбоккхур бу. Цо ЯхӀуд-мехкан гӀаланаш юхаметтахӀиттор ю. Цигахь адам даха а хуур ду, и латта цара шайн дола а доккхур ду.
37 И мохк Цуьнан леш болчеран тӀаьхьенна кхочур бу, Цуьнан цӀе езаш берш цигахь баха ховшур бу.
Institute for Bible Translation, 2012