Забур 69:1-6 CHE2012 - Bible AI

1 [81] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Дагалацийтаран доӀа.

2Ва Дела, со кӀелхьарваккха сихо ехьа. Веза Эла, суна гӀоьнна тӀеван сихлохьа.

3Сан синан хӀаллакьхилар лоьхурш эхь доьссина а, сийсазбаьхна а хуьлийла! Суна зулам хила луурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, юхаберзабойла!

4Со емал а веш, соьга: «Жолам-яӀ!» — бохурш, шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттарна, боьхна хьийзийла.

4

5Хьо лоьхуш берш массо а Хьо бахьанехь хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла! Шаьш Ахь кӀелхьардахар дезаш болчара саццаза: «Сийлахь ву Дела!» — олийла.

5

6Со-м къен а, миска а ву. Дела, суна тӀе кхача сихлохьа! Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а. Веза Эла, хье ма лохьа!

Institute for Bible Translation, 2012
v>