Забур 8:1-10 CHE2012 - Bible AI

1Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъам балош болчу гӀирсаца ала еза.

2Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь! Стигалшкахь дӀахӀоьттина ду Хьан сий!

3Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула. ГӀап дӀахӀоттийра Ахьа [2], Хьайн мостагӀий бахьана долуш. Хьуна дуьхьалбевлларш а, бекхам бийраш а дӀасовцорхьама дира Ахьа иза.

3

4Ахь кхоьллинчу стигалшка со хьалахьаьжча, цу тӀехь Ахь шен-шен метте дӀахӀиттийна буттий, седарчий го суна.

5Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача? Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?

6Стигалийн гуламан декъашхойл дукха лах ца дина Ахь адам, сийлаллин таж а делла, вазвина Ахь иза.

7Ахь адам олалла дан дӀахӀоттийна Айхьа кхоьллинчу массо а хӀуманна тӀехь. Ахь адаман когашка диллина доллу хӀума а:

8уьстагӀий а, бежанаш а, иштта акхарой а,

9стигалара олхазарш а, хӀорда чуьра чӀерий а, хӀорда чохь мел лела садолу хӀума а.

9

10Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь!

Institute for Bible Translation, 2012
v>