1 [97] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъамехь ала еза. Асайпан назма.
2Самукъадаларна йиш лакха вайн ницкъ болчу Далла. Синкъераме мохь бетта Якъубан Деле.
3Йиш лакха, жиргӀа етта, хаза дечиг-пондар а, мерз-пондар а лакха.
4Коьман маӀа лакха бутт цӀинлучу хенахь а, бутт бузар вайн дезде долчу хенахь а.
5Иштта ду Исраилан халкъана делла парз, иза ду Якъубан Дала тӀедиллинарг.
6Иза Дала Юсупан тӀаьхьенна тӀедиллина, Мисар-махкана дуьхьал Иза араволучу хенахь.
6Сайна бевзаш боцу мотт суна хеза:
7«Ас шун белшашна тӀера мохь дӀабаьккхина, шун куьйгаш карарчу тускарех мукъа а даьхна.
8Баланехь долу шу Соьга кхайкхича, Аса шу кӀелхьардехира. Ткъесан мархина юккъера схьа Ас шуна жоп делира. Мерибан хиш долчохь Ас шу зийра.
9ЛадогӀа, Сан халкъ, Ас шуьга дӀахьедо. Исраил, ахьа мукъана а Соьга ладогӀахьара!
10Шайна юкъахь хийра дела ма хилийта, кхечу къаьмнех волчу далла Ӏибадат а ма де.
11Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара арадаьхнарг. ДӀаелла хьайн бага, Ас иза хьалаюзур ю.
11
12Амма Сан халкъо Сан озе ла ца дугӀура, Исраилан халкъ Суна къера хила лууш а дацара.
13Цундела Ас цуьнга цуьнан даго боххург дойтура, шена луъург а дойтуш, лелийтира.
14Сан халкъо мукъана Соьга ладогӀахьара, Исраилан халкъ Сан некъашца лелахьара!
15ТӀаккха церан мостагӀашна тӀехь Ас сихха толам боккхур бара, царна дуьхьалбевллачарна тӀе Сайн куьг хьажор дара.
16Веза Эла ца везаш берш кхерарца Цунна хьалха суждана гӀур бара, ткъа царна тӀехь долу таӀзар массо а ханна лаьттар дара.
17Ас шуна уггар дика кӀа даор дара, тархах даьккхина моз а лур дара шуна».