1 [98] Асайпан назма. Дела коьртехь дӀахӀутту стигалан гуламехь. Гуламан декъашхошна юкъахь Цо Шен кхел кхайкхайо.
2«Мел лелар ду те шу, харцкхелаш еш? Мел лелар ду те шу, Ӏесачарна озабезам а беш?
3ГӀийлачеран а, байн а бакъонаш ларъе, къенаш а, мисканаш а бехказабаха.
4ГӀийланаш а, мисканаш а кӀелхьарбаха. Уьш Ӏесачу нехан карара схьабаха.
4
5Шуна хӀумма а ца хаьа, шу ца кхета, шу боданехь санна лелаш ду, шун когаш бухара латта леста.
5
6Ас элира: „Шу деланаш ду, Веза Воккхачун кӀентий а ду шу дерриш а“.
7Амма шу лийр ду, адамаш санна, шу хӀаллакьхир ду, муьлхха а куьйгалхо санна».
7
8ХьалагӀатта, Дела, кхел е дерриг а лаьтта тӀехь, хӀунда аьлча дерриге а къаьмнаш Хьан долахь ду.