1 [99] Асайпан назма.
2Дела! Вист ца хуьлуш ма висахьа, къора а, хӀумма а ца деш ма хилахьа, Дела.
3Хьажахьа, Хьан мостагӀий бу карзахбевлла, Хьо ца везачу цара шайн кортош хьалаайина.
4Хьан халкъана дуьхьал цара мекара ойланаш йо. Хьуна дукхабезаш болчарна дуьхьал а къайлаха барт бо.
5Цара олу: «Даха а гӀой, церан къам хӀаллакде вай, кхин цкъа а Исраилан халкъан цӀе дага ца яийтархьама».
5
6Берриш а вовшех дагабовлу, цара Хьуна дуьхьал барт бо:
7эдомхой а, исмаьӀалхой а, муабахой а, хӀагирхой а,
8гебалхой а, Ӏамминхой а, Ӏамалекхахой а, Цора-гӀаларчу бахархошца цхьаьна пӀелаштамхой а.
9Ашур-мохк а царна тӀаьхьахӀоьттина, ЛутӀин тӀаьхьенна гӀортор хилла, дӀахӀоьттина иза.
9
10Дехьа царна Айхьа маданхошна диннарг, Айхьа Къишун-хина уллохь Сисрина а, Ябинна а диннарг.
11Уьш Ӏейндарахь байинера, ткъа церан декъех лаьттан кхелли хиллера.
12Царна а, церан куьйгалхошна а Айхьа Ӏорабна а, Зиабна а диннарг дехьа, церан массо а элана а Айхьа Зебахьна а, ЦалманаӀна а диннарг дехьа,
13«Делан долахь долу латта вайн дола доккхур ду вай», — аьлла болчу.
13
14Сан Дела! Йилбазмохана дуьхьал нисъелла чан санна хуьлийла уьш, мохана дуьхьал нисделла ча санна а хуьлийла уьш.
15ЦӀаро ягош йолу хьун, алуно морцуш долу лаьмнаш санна,
16Хьайн дарцаца лахкахьа уьш, Хьайн йилбазмохаца кхерабехьа уьш.
17Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа, Веза Эла, Хьайга кхайкхийтархьама.
18ЮьхьӀаьржачу а хӀиттина, боьхна лелийла уьш гуттар а, эхь а доьссина, хӀаллакьхуьлийла уьш.
19Шен цӀе Веза Эла йолуш волу Хьо бен Воцург, дерриге а лаьтта тӀехь Веза Воккханиг хилар дӀахоийла царна.