2Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Ма тайна ду-кх Хьо Ӏаш долу цӀенош!
3Сан са цига кхача лууш ду. Везачу Элан цӀийнан керташкахь хила сан са хьаьгна а ду. Самукъа а даьлла, сан дог а, сан дегӀ а дийна волчу Деле кхойкхуш ду.
4Хьозанна а шена даха меттиг карайо, чӀегӀардигна а шен кӀорнеш чуяхка бен карабо Хьан сагӀа доккхучу кхерчана уллохь, массо а ницкъийн Веза Эла, сан Паччахь а, Дела а!
5Декъала бу Хьан цӀа чохь бехаш берш: уьш гуттаренна а Хьо хестош бу.