1 [106] Ӏезарахьахо волчу Этанан хьехаме назма.
2 Хьан хедар боцучу безамах лаьцна, Веза Эла, ас даим а назманаш бохур ю, Хьан тешаме хиларх лаьцна массо а тӀаьхьенашкахь Аса сайн багахула дӀахоуьйтур ду.
3 Ас боху: «Хьан хедар боцу безам абаденналц дӀахӀоттийна, Хьайн тешаме хилар Ахь стигалшкахь дӀахӀоттийра».
4 Ахь элира: «Ас барт бина Айса хаьржинчу паччахьца, Ас чӀагӀо йина Сайн ялхо волчу Даудана:
5 „Абаденналц Аса хьан тӀаьхьенах стаг паччахь вина дӀахӀоттор а ву, массо а тӀаьхьенашкахь хьан паччахьан гӀант Аса лоттуьйтур а ду“».
5
6 Веза Эла, Хьан тамашийначу хӀуманашна стигалша хастам бо, Хьан тешаме хилар а Хьан дезачу маликийн гуламехь хастадо.
7 ХӀунда аьлча мила ву стигалшкахь Везачу Элаца нисвала? Мила ву стигалан бахархошна юкъахь Везачу Элаца нисвала?
8 Делан дезачу маликийн гуламан декъашхой Цунах кхоьру, массо а Цунна гонах болчарал Иза ларамах бузуьйтуш ву.
8
9 Ва массо а ницкъийн Веза Дела! Мила ву Хьо санна ницкъ болуш, Веза Эла? Хьан тешаме хилар Хьуна гонах ду.
10 Ахьа олалла до карзахбаьллачу хӀордана тӀехь: цуьнан тулгӀенаш хьалаюьйллушехь, Ахь уьш совцайо.
11 ХӀордан саьрмик РахӀаб, эшийнарг санна, хьаьшна Ахьа, Хьайн ондачу куьйгаца Хьайн мостагӀий а дӀасабаржийна Ахьа.
12 Стигалш а, латта а Хьан ду. Дерриг а дуьне а, цунна чохь мел дерг а Ахьа дӀахӀоттийна ду.
13 Къилбаседехьа а, къилбехьа а ерг Ахьа кхоьллина. Табур-лам а, Хьермон-лам а Хьуна баккхийбеш бу.
14 Ницкъ болуш бу Хьан пхьарс, Хьан куьг ма онда ду, Хьан аьтту куьг толаме ду!
15 Нийсо а, бакъдерг а ду Хьан паччахьан гӀантана бух хилла дӀахӀоьттинарг. Безам а, тешаме хилар а ду Хьуна хьалхадаьлла лелаш.
15
16 Декъала ду Хьуна хастамаш бан хиъна долу къам. Хьан юьхьан серлонехь лелаш ма бу уьш, ва Веза Эла.
17 Хьох уьш дерриг а дийнахь сакъералуш хуьлу, Хьо нийса хиларна уьш баккхийбеш а хуьлу.
18 ХӀунда аьлча Хьо церан ницкъ а, сийлалла а ву, Хьо дика хиларна, Ахь тхуна толамаш а ло.
19 Везачу Элера ду тхан турс, Исраилан халкъан Везачуьнгара ву тхан паччахь.
20 Цкъа мацах, сурт хӀотточу хенахь, Хьайна тешамечу нахе Ахь элира: «Доьналла долчунна Ас гӀо дира, нахана юкъара верг Аса хьалаайира.
21 Сан ялхо волу Дауд кара а вина, Ас цунах паччахь вира, цунна тӀе Сайн деза даьтта а дуттуш, Аса иза къобалвира.
22 Сан куьйго цунна ницкъ а лур бу, Сан пхьаьрсо иза чӀагӀ а вийр ву.
23 МостагӀа цул тоьлур вац, вочу наха цунна гӀело а йийр яц.
24 Ас цунна хьалха мостагӀий эшор бу, иза цавезарш хӀаллак а бийр бу.
25 Сан тешам а, Сан безам а цуьнца хир бу, Со цуьнца хиларна, цо толамаш бохур бу.
26 Ас цуьнан куьг хӀордана тӀе дуьллур ду, хишна тӀехула цуьнан аьтту куьг а дӀадохуьйтур ду [107] .
27 Цо Соьга эр ду: „Хьо — сан да а, сан Дела а ву, со кӀелхьарвоккхур волу тарх а ю“.
28 Ас цунах Сайн дуьххьарлера доьзалхо вийр ву, иза дуьнен чохь болчу массо а паччахьел лекха а хир ву.
29 Цуьнца болу Сан безам абаденналц хир бу, Ас цуьнца бина барт массо а ханна чӀагӀбийр бу.
30 Цуьнан тӀаьхье Ас гуттаренна а латтор ю, стигал мел лаьтта, лаьттар ду цуьнан паччахьан гӀант а.
30
31 Нагахь цуьнан тӀаьхьено товрат-хьехам битахь, я уьш Аса тӀедехкинаршца ца лелахь,
32 нагахь Сан парзаш цара дохадахь, я Сан весеташ цара лар ца дахь,
33 цара лелийначу зуламна Ас гӀожаца таӀзар дийр ду, цара летийначу къиношна еттарца Ас таӀзар дийр ду.
34 Ткъа Сайн цаьрга болу безам Ас царах боккхур бац, Сайн царна леринчу тешаме хиларх Со дӀавоьрзур вац.
35 Цаьрца Айса бина барт Аса бохор бац, Сайн багахула дӀааьлларг хуьйцур а дац.
35
36 Гуттаренна а цкъа Сайн возаллех Ас чӀагӀо йина: Дауде Аса цкъа а харцдерг дуьйцур дац.
37 Цуьнан тӀаьхье массо а хенахь хир ю, ткъа цуьнан тӀаьхьенан паччахьалла лаьттар ду, стигалахь малх мел лепа.
38 Иза хир ю абаденналц дӀахӀоттийна болу а, стигалшкахь тешаме теш болу а бутт санна».
39 Амма Хьан паччахь Ахь цавашарца дӀатеттина, Айхьа къобалвинчунна Хьо оьгӀазвахана.
40 Хьайн ялхочуьнца бинчу бартах Хьо дӀавирзина, цуьнан таж а лаьттах тоьхна Ахьа.
41 Цуьнан гӀалин массо а пенаш дохийна Ахьа, цуьнан чӀагӀонаш, саьлнаш йина, дӀахӀиттийна Ахьа.
42 Массо а тӀехволучо цунна къола до, шен лулахошна хьалха беламе хилла дӀахӀоьттина иза.
43 Цуьнан мостагӀашка Ахьа цунна тӀехь толам баккхийтина, Ахь цуьнан мостагӀийн сакъерадалийтина.
44 Цуьнан туьран иралла Ахьа артйина, цунна тӀамехь гӀо а ца дина.
45 Паччахьан сийлалла а цуьнгара схьаяьккхи Ахьа, цуьнан паччахьан гӀант а лаьтта охьадожий Ахьа.
46 Цуьнан жималлин шераш дацди Ахьа, цунна тӀе юьхьӀаьржо а йоссийти Ахь.
47 Дукха лаьттар вуй те Хьо, Веза Эла, къайлаваьлла? Дукха лаьттар юй те Хьан оьгӀазвахаран алу?
48 Дагадаийтахьа, мел доца ду сан дахаран денош. Эрналлин дуьхьа кхоьллина те Ахьа адамаш?
49 Вуй те хӀокху дахарехь валар ганза волу стаг, я эхартан карара шен са кӀелхьардаьккхинарг?
49
50 Мичахь ду те, Хьалдолу Эла, Хьан безам гойтуш долу хьалхалера гӀуллакхаш? Мичахь ду те тхоьца тешаме хиларца Ахь Даудана чӀагӀо йина гӀуллакхаш?
51 Дагадаийтахьа, Хьалдолу Эла, Хьан ялхо волчунна мостагӀаша бина дегабаам а, сайн дагахь дерриге а къаьмнаш сох кхардар со хьоьгуш хилар а.
52 Хьан мостагӀий, Веза Эла, сох кхаьрдаш ма бу, Ахьа къобалвинарг мел вахахь а, уьш цунах кхаьрдаш ма бу.
52
53 Декъала хуьлда Веза Эла абаденналц!
Institute for Bible Translation, 2012