1 [110] Далла леринчу шоьтан дийнахь локху назма.
2Ма дика ду-кх, Веза Эла, Хьуна хастамаш бар, Хьуна лерина эшарш лакхар, Веза Воккханиг,
3Ӏуьйранна Хьан къинхетамах лаьцна дийца, ткъа буьйсанна — Хьан билггал бакъдолчух лаьцна дийца,
4итт мерз болчу дечиг-пондар тӀехь а, хаза аз долчу дечиг-пондар тӀехь а.
5Хьан гӀуллакхаша, Веза Эла, соьга сакъоьруьйту, Хьан куьйго динчунна со хастамийн йиш локхуш ву.
5
6Даккхий ду Хьан гӀуллакхаш, Веза Эла, кӀорга ю Хьан ойланаш!
7Хьекъал доцучун кхета ницкъ бац, сонтачун кхетам а ца кхочу,
8Ӏесанаш, буц санна, гучубийлахь а, харцонаш лелочеран аьтто балахь а, уьш гуттаренна а дӀабаьхна хиларх.
9Ткъа Хьо, Веза Эла, абаденналц массарна а тӀехь олалла дийриг ма ву!
9
10Хьан мостагӀий, Веза Эла, хӀаллакьхир ма бу, вонаш лелораш дӀасалаьхкина хир ма бу.
11Ткъа со Ахьа, бугӀа санна, ницкъ болуш вина, суна керла зайтдаьтта а хьаькхна.
12Сайн мостагӀашна тӀехь толам баккхар гина сан бӀаьргашна. Сан лергашна хезна суна дуьхьалбевллачара хьекхна маьхьарий.
12
13Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу, Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу.
14Везачу Элан цӀенна уллохь доьгӀна дитт санна, вайн Делан керташкахь заза доккху цара.
15Уьш хан яьллачу хенахь а стом бахьаш хуьлу, ховха а, сийна гӀа долуш а хуьлу.
16Иштта дӀагойтуш ду Веза Эла бакъ хилар а, сан тарх волчу Цуьнца харцдерг цахилар а.