1 [114] Керла йиш лакха Везачу Элана, дерриг а дуьнено лакха Цунна.
2Эшарш лакха Везачу Элана, хастам бе Цуьнан цӀарна! Де дийне мел дели, Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде.
3Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае, массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца.
3
4Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.
5Кхечу къаьмнийн массо а деланаш — цӀуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.
6Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю. Цуьнан деза цӀа ницкъах а, сийлаллех а дуьзна ду.
6
7Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
8Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта дуьйлийша!
9Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша. Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха!
9
10ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь».
11Стигалш сакъералойша! Латта, даккхийде! ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е!
12Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила. Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хила
13Далла хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву, дуьненна нийса кхел ярхьама. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцӀеналлица кхел йийр ю.