Забур 96:1-12 CHE2012 - Bible AI

1 [115] Веза Эла паччахьалла деш ву: дуьне доккхадеш хуьлийла! ХӀордан йистехь мел дехаш долу къаьмнаш а сакъералуш хуьлийла!

2Цунна гонах мархаш а, Ӏаьржа бода а бу. Нийсо а, бакъдерг а Цуьнан Ӏаршан бух бу.

3Цунна хьалха цӀе йоьдуш а ю, ткъа Цунна гонах мел болу мостагӀий оцу цӀаро дӀакхоллуш а бу.

4Цуьнан стелахаьштиго дерриг а дуьне серладоккху. Хьежа а хьоьжуш, латта дегош ду.

5Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха, дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха.

6Стигалша Цуьнан нийсо дӀакхайкхайо, массо а халкъашна Цуьнан сийлалла го.

6

7ЮьхьӀаьржачу хӀуьтту цӀушна Ӏибадат деш берш, эхьах бузуьйту харцделанех дозалла деш берш. Цунна хьалха суждане боьлху массо а деланаш.

8Цийон, иза хаза а хезна, йоккхаеш ю, ЯхӀуд-мехкан ярташ сакъералуш ю, Веза Эла, Ахь нийса кхелаш йина дела.

9Хьо, Веза Эла, дерриг а дуьнен тӀехь уггар лекханиг а ву, массо а деланел а кхоччуш лекха а ву.

9

10Веза Эла везаш дерш, ма дезийша вониг! Цо Шен долахь болчеран синош лар а до, Цо уьш Ӏесачеран карара схьа а боху.

11Цуьнан лаамехь болчарна тӀехь Делан нур лепа, догцӀена болчарна тӀе доккхадер дуссу.

12Сакъералуш хила, Делан лаамехь дерш, Везачу Эло шун дуьхьа мел динчунна! Цуьнан возалла дага а лоцуш, хила Цунна хастамаш беш!

Institute for Bible Translation, 2012
iv>