1 [118] Баркаллин назма. Дерриг а латта, самукъане кхайкха Везачу Эле!
2Хазахетарца Ӏамал е Везачу Элана. Цунна хьалха даккхийдеран эшаршца гӀо!
2
3ДӀахаалаш, Веза Эла — Дела вуйла. Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду. Вай Цуьнан халкъ а ду, Цуьнан дежийлашкара уьстагӀий а ду.
3
4Баркалла аларца довлалаш Цуьнан кевнна чу, иштта Иза хаставарца Цуьнан керташка а. Баркалла ала Цунна, декъалъе Цуьнан цӀе.
4
5ХӀунда аьлча Веза Эла дика ву, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу, ткъа Цуьнан тешаме хилар лаьтташ ду массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашна.