Закри-ЯхӀу 13:1-9 CHE2012 - Bible AI

1«Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цӀанбалийта Даудан цӀенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дӀаделлалур ду.

2И де тӀекхаьчча, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — Ас дӀайойур ю кху лаьтта тӀера цӀуйн цӀераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тӀера дӀабохур бу харцпайхамарш а, цӀушна Ӏамал ян лаар а дӀадоккхур ду.

3Нагахь санна цхьаммо пайхамаралла леладахь, иза дуьнен чу ваьккхинчу цуьнан дас а, нанас а цуьнга эр ду: „Хьо вехийла дац, Везачу Элан цӀарах ахь харцдерг дийцина дела“. Цо пайхамаралла лелочу хенахь, цуьнан шен дас а, нанас а цунах тур чекхдоккхур ду.

4И де тӀекхаьчча, шена сурт хӀоттийна хӀорра а харцпайхамар Делан цӀарах хаам бан хӀуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тӀедухур дац харцпайхамарша цкъачунна.

5ХӀораммо а эр ду: „Со пайхамар вац, со латталелорхо ву. Со бер долчу хенахь дуьйна лаьтта тӀехь болх беш ву [13]“.

6Ткъа цуьнга эр ду: „Хьан некха тӀехь моьнаш хӀунда ду?“ Цо жоп лур ду: „Со везаш болчеран цӀа чохь суна йиттина дела“, — аьлла».

6

7«ХӀай, тур! Айалохьа Сан жаӀуьнна тӀе, Суна уллора волчу стагана тӀе, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Нагахь санна жаӀуьнна чов яхь, жа юкъара уьстагӀий дӀасадовдур ду. Ас Сайн куьг кӀезиг болчарна дуьхьал хьажор ду.

8Берриге а махкахь иштта хир ду, — боху Везачу Эло, — ши дакъа хӀаллакдина а хир ду, лийр а ду, ткъа кхоалгӀа дакъа дийна дуьсур ду.

9И кхоалгӀа дакъа Ас цӀерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цӀандеш ма-хиллара, цӀан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла — тхан Дела ву!“»

>