1Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийра: стигалахь лелаш схьадаржийна тептар дара.
2Малико соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна?» — аьлла.
3Малико соьга элира: «Цунна тӀехь яздина ду берриге а ЯхӀуд-махка тӀехь болчарна тӀедогӀу неӀалт. ХӀунда аьлча лачкъош мел верг дӀаваьккхина хир ву, цхьана агӀор яздина ма-дарра, харц дуй бууш мел верг а дӀаваьккхина хир ву, вукху агӀор яздина ма-дарра».
4«Ас дӀакхайкхадайтина тептар тӀехь долу и неӀалт, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Иза хӀора къуьнан цӀа чу а кхочур ду, Сан цӀе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тӀулгаш а хӀаллакдина хир ду».
5Сехьа а даьлла, соьга дистхуьлучу малико элира: «Юха а хьайн бӀаьргаш хьала а айабай, арадолург хӀун ду хьажал».
6«И хӀун ду?» — аьлла, ас шега хаьттича, цо элира: «И арадолург черма ду. Иза берриг а махка тӀехь болчеран зулам
7Оцу хенахь дошах дина цуьнан негӀар хьалаайира. Черман чу хиъна цхьа зуда яра.
8Малико элира: «И зуда — еккъа Ӏесалла ю». Иза а аьлла, цо и зуда черман юккъе кхоьссира, ткъа черманна тӀе дошан негӀар кхоьссира.
9Сайн бӀаьргаш хьалахьажийра ас. Суна гинарг хӀара дара: ши зуда гучуелира, церан тӀемашца мох бара, ткъа церан тӀемаш чӀерийдохучун тӀемаш санна дара. Цара и черма, хьала а айина, стигална а, лаьттана а юккъехула дӀадаьхьира.
10«Стенга дӀахьош ду цара и черма?» — хаьттира ас сайга дистхуьлучу малике.
11ТӀаккха цо соьга иштта элира: «ШанӀар-махка