1«Вай, цигара юха а дирзина, Башан-махка дахара. Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа шен мел долчу эскарца ЭдреӀи олучу меттиге дӀавахара, вайна тӀамца дуьхьалвалархьама.
2ТӀаккха Везачу Эло соьга иштта элира: „ӀовгӀа-паччахьах ма кхера. Ас иза а, цуьнан эскар а, цуьнан мел долу латта а хьан кара дӀадала сацам бина. Ахь цунна Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахь хиллачу Сихьонна диннарг дийр ду“.
3Вайн Везачу Дала Башан-мехкан паччахь а, цуьнан мел долу эскар а вайн кара схьаделира. Вай ӀовгӀа хӀаллаквира, цуьнан халкъах цхьа а дийна ца вуьтуш!
4Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргӀаб-кӀоштехь цуьнан ерриге а гӀаланаш вай схьаехира. Цхьа а гӀала ца йисира вай схьаяккхаза: ӀовгӀа паччахь волчу махкахь кхузткъа гӀала яра уьш.
5И ерриге а гӀаланаш лекхачу пенашца, кевнашца, кевнашна боьгӀначу ондачу гӀорашца чӀагӀйина яра. Гобаьккхина пенашца чӀагӀъяза кхин а дуккха а гӀаланаш яра цигахь.
6Вай и гӀаланаш хӀаллакйира, ваьш Хьешбонера паччахьан Сихьонан гӀаланаш хӀаллак ма-ярра. ХӀора гӀала, Далла дӀа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хӀаллак а деш.
7Ткъа массо а бежанаш а, вай схьаяьхначу гӀаланашкара карадеанарг а вай хӀонсана дӀадаьхьира.
8Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тӀера Хьермон-ломана тӀекхаччалц долу хӀара латта схьадаьккхира вай.
9(ЦӀаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.)
10Башан-мехкан паччахь волчу ӀовгӀин ерриге а аре схьалецира вай: тӀапломахь мел йолу гӀаланаш а, берриг а ГалӀад-мохк а, иштта Салха а, ЭдреӀи а гӀаланашна тӀекхаччалц болу берриг а Башан-мохк а».
11(Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа репахойх тӀаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хӀинца а Ӏамминхойн кӀенташкахь бу Рабба-гӀалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.)
12«ХӀара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ӀаруӀер-гӀалара дуьйна долу латта а, ГалӀад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гӀаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дӀаелира.
13Ткъа ГалӀад-лаьмнех йисина ах а, ӀовгӀа паччахьан болу Башан-мехкан АргӀаб-кӀошт а ас Маннашан ахтайпанна дӀаелира».
14Маннашхочо Яира берриге а АргӀаб-мохк гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц дӀалецира. Башан-махкана Яира шен цӀе тиллира. Царах хӀинца а Яиран ярташ олу.)
15«ГалӀад-мохк ас Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенах болчарна дӀабелира.
16Ткъа Раабанан а, Гадин а тайпанашна ГалӀад-махка тӀера Арнон-хина тӀекхаччалц долу латта дӀаделира ас. Церан къилбера доза Арнон-хина юккъехь дара, ткъа церан латта Ӏамминхойн дозанехь долчу Ябокх-хина тӀекхаччалц дӀасадаьржира.
17Оцу кхаа тайпанна дӀаделла долчу латтанийн малхбузера доза Ӏариба-тогӀи чохь долчу Йордан-хина тӀекхаччалц дара. И доза Канарота тӀера Дуьрачу хӀордана уллохь болчу Пасга-ломан кӀажина тӀекхаччалц дара.
18Оцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хӀара латта шуна дӀаделла шун дола даккхийта. Ткъа хӀинца тӀом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала.
19Ткъа шайн зударий а, шайн бераш а, шайн бежанаш а, — суна хаьа уьш шун дукха дуйла, — ас шайна дӀаеллачу гӀаланашкахь дита,
20Везачу Эло, шуна санна, оцу шун вежаршна паргӀато яллалц а, шун Везачу Дала царна луш долу Йордан-хина дехьа долу латта цара шайн дола даккхалц а. Цул тӀаьхьа шух хӀора а ас шайна деллачу лаьтта юхаверза“, — аьлла.
21ХӀетахь ас ЮшаӀе а весет дира, иштта олуш: „Хьан бӀаьргашна гина вайн Везачу Дала шинна а паччахьна мел динарг. Изза дийр ду Везачу Эло хьо чекхвер волчу массо а пачхьалкхашна.
22Царах ма кхера, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша шуьгахьа тӀом беш ву“».
23«Оцу хенахь со иштта доӀанаш деш вара Везачу Эле:
24„Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тӀехь Ахь деш долу гӀуллакхаш а, тамашийна хӀуманаш а далуш?
25Лохьа пурба Йордан-хих дехьа а ваьлла, цунна дехьа долу дика латта ган — исбаьхьа хаза лаьмнаш а, Ливанун латта а“, — бохуш.
26Амма Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазъоьхура. Цо ла ца дуьйгӀира соьга. Везачу Эло соьга иштта элира: „Тоьар ду! Кхин ма дийца Соьга цунах лаьцна!
27Пасга-ломан боххье хьалавала. ДӀахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хӀунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо!
28ЮшаӀе весет а де, иза иракара а хӀоттаве, чӀагӀ а ве, хӀунда аьлча ЮшаӀа халкъ Йордан-хих дехьа а доккхур ду, хьуна гун долу латта цо цаьрга шайн дола а доккхуьйтур ду“.
29Иштта вай севцира Байт-ПаӀар-гӀалина уллохь йолчу тогӀи чохь».