1Муаби-аренашкара Набу-лам тӀера Пасга цӀе йолчу бохь тӀе хьалавелира Муса. И бохь Ерихон-гӀалина дуьххьал бара. Везачу Эло Дан-гӀалина тӀекхаччалц берриг а ГалӀад-мохк гайтира Мусана.
2Напталан а, Эпрайман а, Маннашан а латтанаш а, Дуьненаюккъерачу хӀорда тӀекхаччалц долу дерриг а ЯхӀудан латта а гайтира Цо.
3НегӀаб-аре а, шех палманийн гӀала олу Ерихон тӀехь лаьтта тогӀи а, ЦӀоӀар-гӀалина тӀекхаччалц болу мохк а гайтира Цо.
4Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара ду Ас ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а церан тӀаьхьенашна дӀалур ду аьлла латта. И латта Ас хьайн бӀаьргашна гайти хьуна, амма цу тӀе хьо вер вац».
5Везачу Эло ма-аллара, Муаби-лаьтта тӀехь кхелхира Везачу Элан лай Муса.
6Муаби-мехкан тогӀи чохь Байт-ПаӀар цӀе йолчу юьртана дуьххьал дӀавоьллина Везачу Эло Муса. Амма таханлера де тӀекхаччалц цхьанна а ца хаьа иза дӀавоьллина йолу меттиг мичахь ю.
7Мусан бӀе ткъа шо дара и лечу хенахь, амма цуьнан бӀаьрса а ца телхинера, гӀора дӀа а ца даьллера цуьнгара.
8Муаби-аренашкахь ткъе итт дийнахь цунна тезет хӀоттийра исраилхоша. Мусах белхар даран а, халахетаран а денош цул тӀаьхьа чекхдевлира.
9Мусас цунна тӀе куьйгаш дахкар бахьана долуш, хьекъалх вуьзнера Нунин кӀант ЮшаӀ. Цо аьлларг деш хилира исраилхой, Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг кхочушдора цара.
10Везачу Элана юьхь-дуьхьал вевзаш хилла волу Муса санна, кхин пайхамар ца хилира исраилхойн.
11Везачу Эло билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гайта вахийтинера иза Мисар-махка. ПирӀунна а, цуьнан ялхошна а, дерриг а халкъана а гинера и тамашийна хӀуманаш.
12Исраилан халкъан бӀаьргашна хьалха Мусас гайтинера сийлахь а, инзаре а хӀуманаш, кхин цхьаммо а гайтина доцу.