1ХӀара хьекъале а, Делера долу а дешнаш Якхайн кӀентан АгӀуран ду. Итиале а, Укале а дӀадийцина ду хӀорш:
2
3
4
5Делан хӀора дош зийна бакъ ду: Иза Шена тӀевеанчунна турс хуьлий дӀахӀутту.
6Цуьнан дешнашна тӀе хӀумма а тӀе ма тоха, иза ахьа дахь, Цо хьо гучу а воккхур ву, хьо харцдерг дуьйцуш хилар дӀа а гойтур ду».
7Ши хӀума ду ас Хьоьга доьхуш, со валале тӀеэцахьа сан дехар, Веза Эла.
8Даьссаниг а, харцдош а суна гена даккхахьа, суна я къоьлла а, я бахам а ма лохьа, Суна доггӀучул кхачанан дакъа схьадустахьа.
9Суна догӀучул дукха хӀума сан хилахь, со Хьох дӀакъаста мега, «Веза Эла мила ву?» — бохуш. Амма со къен хилахь, аса хӀума лачкъо мега, тӀаккха Хьан цӀе аса бехйийр ю.
10Олахочунна хьалха цуьнан лех лаций вон дош ма ала, цуьнга хьайна неӀалташ ца кхайкхадайта а, хьо цу гӀуллакхна жоьпе ца озавайта а.
11Шайн дайшна а неӀалт боху нах хуьлу, ткъа цара шайн наной декъал а ца бо.
12Шаьш цӀена бехаш бу моьтту нах а хуьлу, ма-дарра аьлча, шайн боьхучух уьш цӀан ца бинехь а.
13Кура а, шаьш лакхара хеташ болу нах а хуьлу, уьш, шайн кортош хьала а айдина, лаккхара хьоьжу.
14Тарраш санна, цергаш йолу нах а хуьлу. Церан моччагӀалш арсаш санна хуьлу. Церан Ӏалашо хуьлу къен нах дӀакхалла а, адамашна юкъара пекъарш цистина дӀабаха а.
15ЦӀубдаран ши йоӀ ю, цара гуттар а боху: «Схьало, схьало, схьало».
16
17Цавашарца дега хьоьжуш волчун бӀаьргашна тӀе ломъаьрзунаша зӀакарш еттар ю, ткъа ненан доладар дӀатоттуш волчун бӀаьргаш тогӀин хьаргӀанаша дӀакхоллур бу.
18Сан кхетам тӀе ца кхуьу кхо хӀума ду, диъ хӀума а ду со ца кхеташ:
19
20Ткъа ямарта хуьлучу зудчун некъ иштта бу: хӀума а кхаьллина, бетах куьг а хьаькхна, цо олу: «Ас цхьа а вониг ца дина».
21Кхо хӀума ду, дуьне дегош долу, цуьнга лалуш доцу диъ хӀума а ду:
22
23
24Дуьнен чохь йиъ жима хӀума ю, амма уьш хьекъал долчарна юкъахь уггар хьекъал долуш ю:
25
26
27
28
29Кхо хӀума ду, хаза лелаш долу, майра болар долу диъ хӀума ду:
30
31
32Нагахь, хьо лакха а воккхуш, хьо сонта хиллехь, я зулам дан хьайна ахьа дагадаийтахь, бета тӀехь долчу куьйгаца хьайн вистхилар сацаде!
33ХӀунда аьлча шура лийсаро даьтта кхолларе терра а, мерах тохаро цӀий кхолларе терра а, оьгӀазалла карзахъяккхаро къийсар кхуллу.