Кицанаш 31:1-31 CHE2012 - Bible AI

1ХӀорш ду, нанас хьехна долу, Ламуал-паччахьан хьекъале дешнаш:

2«Дала, ас Шега динчу доӀанашна жоп луш, суна велла волу сан хьоме кӀант!

3Зударий бахьана долуш ахьа хьайн ницкъ а ма байалахь, паччахьаш хӀаллакбеш йолчуьнца хьо лела а ма лелалахь.

4Ламуал, хьекъале дац паччахьашна чагӀар мийлар, иштта хьекъале дац олахошна а маларш мийла лаар.

5ХӀунда аьлча, дукха мала а мелла, царна дицдала тарло бакъонаша хӀун боху, тӀаккха цара Ӏазапехь болчарна тӀехь нийса кхел а йийр яц.

6Ахьа и вахош долу малар мискачарна а, шайн дахар къаьхьа долчарна а дӀало.

7ТӀаккха, и чагӀар а мелла, царна дицлур ду шаьш миска хилар а, шаьш баланехь хилар а.

8Ахьа, шайх дош ца далалуш, багахь мотт боцучаьргахьа а озалахь, бо бисиначаьргахьа бакъонца гӀо а даккхалахь.

9Иштта, ахьа цаьргахьа дош а алалахь, царна тӀехь нийса кхел а яйталахь. Къечеран а, мискачеран а бакъонаш ларъяр тӀехь хьайн нийса дош алалахь».

10А тта [4] дац дика а, оьзда а йолу зуда каро, ткъа иштта йолчу зудчун мах жовхӀарийн мехал а лакхара бу.

11Б аланаш хир бац ишттачух а тешна Ӏаш волчу майрачун, къелла бохург хӀун ду а хуур дац цунна.

12В ониг шегара ца долуьйтуш, ша мел еха а, дика до цо шен майрачунна.

13Г о иза, вета а, тӀаргӀа а лелош, шена лаа а лууш, шен куьйгашца цунах бедарш еш.

14Д аима а, совдегарийн хӀордкеманаша санна, геннара дахьа цо шена рицкъа.

15Е за иштта йолу зуда сатасале хьалагӀатта. ТӀаккха цо доьзална кхача а кечбо, шен гӀарбашашна дан деза омра а до [5].

16З удчунна латта лело дагадеача, и латта а оьцу цо. ТӀаккха цунах даьллачу беркатах кемсийн таьллангаш а дӀаюгӀу цо.

17И штта, цо дукха къа а хьоьгу, цуьнан ницкъ а кхочу муьлхха а болх бан.

18К ъеггина стогар летта хуьлу ишттачу зудчун буьйса тӀехтиллалц, ткъа ша ден гӀуллакх дикка пайден дуй а хаьа цунна.

19Л акхара охьа цо шен куьг урчакхна тӀе а кхийдадо, цу урчакхан гӀад шен пӀелгашца схьа а лоцу.

20М искачунна а, гӀо оьшуш волчунна а шен комаьрша куьг кховдадо цо.

21Н ийсса шен доьзалехь оьшшучул тӀеюха йовха бедарш ша кечйина дела, Ӏаьнан шело тӀеярах а ца кхоьру иштта йолу зуда.

22О цу зудчо шен цӀа чохь оьшун болу мотт-гӀайба а бо, цунна шена тӀехь а хуьлу дезачу кӀадинах йина бедарш.

23П айденца гӀараваьлла дӀахӀутту ишттачу зудчун майра, иза лараме долчу гӀуллакхех лаьцна а дуьйцуш, къаношца гӀалин кевнехь хиъна Ӏачу хенахь.

24Р езабеш эцархой, цо шаршуш а еш, уьш а юхку, доьхкарш а духку совдегаршна.

25С ин оьздангалла а, доьналла а ду-кх цуьнан духар. Дегайовхо а йолуш, тешамца хьоьжу и зуда кханенга.

26Т Ӏех хьекъал долу хӀума а олу цо, хьекъале хьехамаш бан а хаьа цунна.

27У р-атталла, ша къа а хьоьгуш, баьккхина боцу кхача а ца боу цо, шен цӀахь долчуьнца бала а бу цуьнан.

28«Х ьо декъалниг ю», — олу цуьнга цуьнан бераша а, хьала а гӀовттуш, цуьнан майрачо а хестайо иза.

29Ц уьнан майрачо иштта олу: «Дукха бу дика а, оьзда а зударий, амма хьоьга кхочуш царах цхьа а яц».

30Ш а коча йолчу зудчо Ӏеха а во, хазалла а — сарралц бен яц. Ткъа хасто хьакъ долуш ю-кх Везачу Элах кхоьруш йолу зуда.

31Ӏ ойла иза, цо динчу гӀуллакхашна цунна доггӀург наха дӀа а луш, ткъа оцу гӀуллакхаша гӀалин кевнехь сий а ойийла цуьнан.

Institute for Bible Translation, 2012
/div>