1Сан кӀант! Сан дешнаш ларде, сан весеташ дагахь латтаде.
2Сан весеташ ларде, тӀаккха хьо вехар ву. Сан хьехамаш, йоӀбӀаьрг санна беза а хеташ, Ӏалашбе.
3Хьайн куьйган пӀелгех дӀадехка уьш, даг тӀехь дӀа а язде уьш.
4Хьекъалалле ала: «Хьо сан йиша ю!» Цундела кхетам а хьайн гергара бу ала.
5Цара ларвийр ву хьо хьайн йоцучу зудчух — эсалчу къамелашца левеш йолчу тилаеллачу зудчух.
6Цхьана дийнахь со сайн цӀийнан корехула арахьоьжуш вара.
7Боданечу нахана юкъахь, кегийчу нахана юкъахь, хьекъал доцуш волу цхьа жима стаг гира суна.
8Иза, некъахула а вогӀуш, нахаца лелаш йолчу зудчун ураман маьӀигна улло а кхаьчна, цуьнан цӀенна тӀебоьду некъ боккхуш вара.
9Малх дӀа а буьзна, суьйре тӀееанера, бода булуш бара.
10Цу хенахь цунна дуьхьалйогӀуш яра и зуда. Цунна тӀехь кхахьпанан духар дара, иштта цуьнан къайлаха Ӏалашонаш а яра.
11(Иза чӀогӀа аз долуш а, аьрха а ю, иштта ша хиларна шен цӀахь соцуш а яц.
12Иза урамнекъашкахула а, майданашкахула а яьлла лелаш ю, некъийн хӀорра маьӀиг йолчуьра кӀело а еш.)
13И жима стаг катоьхна схьа а лаьцна, цунна оба а яьккхина, нисса цуьнан бӀаьргаш чу а хьоьжуш, цо элира:
14«Ас тахана бертан сагӀа даьккхина, сайна тӀедиллинарг кхочуш а деш. Со йолчохь оцу сагӀанах долу жижиг ду,
15цундела со хьуна дуьхьал араяьлла. Хьо лоьхуш лелара со, ткъа хӀинца схьакарий суна хьо.
16Ас сайн метта тӀе исхарш тесна. Мисар-махкара деана тайп-тайпанчу басахь долу кӀадеш ду уьш.
17Аса сайн метта тӀе духӀиш а, сарап а, кхечу тайпана хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а тоьхна.
18Вало, Ӏаббалц безаман кад муьйлур бу вайшимма! Вовшех марзо а оьцуш, сахиллалц Ӏийр ду вайшиъ,
19хӀунда аьлча сан майра цӀахь вац: иза беха некъ бан араваьлла.
20Цо шеца ахча чохь долу бохча схьаэцна, цундела иза бутт буьзча бен цӀа вогӀур вац».
21Къарвечу дешнашца и жима стаг къарвира цу зудчо. Шен эсалчу къамелца иза цуьнга Ӏеха а велира.
22Иза цу зудчунна тӀаьхьахӀоьттина вахара, урс хьакха дӀабуьгуш болу сту ма-баххара, гур чу воьду сонтаниг санна,
23шен доӀахах суй санна кхуссу пха чекхбаллалц. Иза вара речӀанна тӀедоьдуш долу олхазар санна — иза ца кхетара шен дахар Ӏожаллин кхерамехь хиларх.
24Ткъа хӀинца, сан кӀентий, соьга ла а догӀа, аса бохучун тидам а бе.
25Ишттачу зудчун некъаш тӀе ма дерзийта шайн дегнаш, цуьнан некъаш тӀехь тиладелла ма лела.
26Дуккха а нах цо эгийтина, цо хӀаллакбинарш барам боцуш бу.
27Цуьнан цӀа — эхарте кхачаво некъ бу. Оцу некъо Ӏожаллин меттиге дӀавуьгу.