Кицанаш 8:1-36 CHE2012 - Bible AI

1Хьекъалалла-м дац те и кхойкхург? Кхетам-м бац те, шен аз ойуш, кхойкхуш берг?

2Иза лакхенашкахь дӀахӀутту, некъаш тӀехь, некъаш вовшахкхетачу меттехь.

3Цо гӀалин кевнна уллохь кхойкху, неӀарна чуволучу меттехь:

4«Шуьга кхойкху ас, дуьненан адамаш, массо а нахе кхойкхуш ду сан аз!

5Хьекъал долуш хила Ӏама, бодане дерш. Кхетам болуш хила Ӏама, сонта берш.

6ЛадогӀа, хӀунда аьлча ас ала кечдинарг коьртаниг ду, сан багахула арадовлу дешнаш — цӀеначу дагара ду.

7Сан матто дӀаолуш дерг нийса дерг ду, ткъа харцдерг алар баганна юьхьӀаьржо ю.

8Сан багахула арадолу массо а дош бакъ ду, цаьрца я ямартло а, я хӀилла а дац.

9Кхетам берг цу дешнех дика кхета, иштта хаарш гулдинчунна а уьш нийса хета.

10ДӀаэца сан хьехамаш детин метта, хаарш харжа цӀеначу дешин метта,

11хӀунда аьлча хьекъалалла жовхӀарел а гӀолехь ду шуна, лууш долу цхьа а хӀума цуьнца дусталур дац шуна.

12Соьгахь, хьекъалаллехь, хьекъал ду шуна, ткъа хаар а, къастор а карадо суна.

13Везачу Эле ларамах вуьзна хилар — вониг цадезар ду. Суна иштта куралла а, ша лакхара хетар а ца деза, иштта вон некъаш а, харцдерг дуьйцуш йолу баганаш а ца еза суна.

14Соьгахь хьехарш а, нийса долу хьекъал а ду. Сан хӀума къасто кхетам а бу, соьгахь ницкъ а бу.

15Сан гӀоьнца паччахьаша шайн паччахьалла до, соьгахула куьйгалхоша нийсадерг билгалдоккху.

16Сан гӀоьнца куьйгалла до элаша а, тхьамданаша а, иштта нийса кхел ечу массо а кхелахоша а.

17Со дезарш суна а беза, со лохуш болчарна со карор а ду.

18Соьгахь бу бахам а, сийлалла а, телхар йоцу хазна а, нийсо а.

19Сан совгӀат уггар а цӀеначу дешил а деза ду, сох болу пайда цӀеначу детил а дукха бу.

20Со нийсонан некъаш тӀехула лела, аса бакъдолчун тачанаш лоху.

21Со дезачарна ас хьал ло, церан хӀусамаш ас хазнех хьалаюзу.

21

22Юьхьанца, Ша дерриг а кхуллучу хенахь, Везачу Эло со, хьекъалалла, уггар а хьалха кхоьллина.

23Со дӀахӀоттийнера азалехь дуьйна, юьхьанца, дуьне а кхоллале.

24Со дуьнен чу даьллера, даккхий хӀордаш а хилале, иштта хи тӀехъоьху хьостанаш а хилале.

25Со дуьнен чу даьлла, лаьмнаш а, гунаш а шайн-шайн меттигашка дӀахӀиттадале,

26латта а, цуьнан аренаш а, ур-атталла лаьттан буьртигаш а Цо кхоллале.

27Цо стигал шен метта дӀахӀотточу хенахь, со цигахь дара, Цо анайистана горга сиз а хьаькхна, боккха хӀорд кхуллучу хенахь а,

28иштта мархаш лакхенгахь кхуллучу хенахь а, хӀорд чубутту хьостанаш шординчу хенахь а, со цигахь дара.

29Ша омра динччул бен хьала а ца бузуш, Цо хӀордана шен йистош лучу хенахь а, лаьттан бух дӀахӀоттийначу хенахь а, со цигахь дара.

30Со Цунна уллохь дара, говза пхьар санна. Веза Эла сох воккхавеш вара хӀора дийнахь, массо а хенахь сакъоьрура аса Цунна уллохь.

31Цо кхоьллинчу дуьненах доккхадеш дара со, иштта Цо кхоьллина адамаш бахьана долуш а со доккхадеш дара.

31

32Иштта, сан кӀентий, ладогӀа соьга. Декъала хир бу ас хьехначу некъашкахула леларш!

33ЛадогӀа хӀокху хьехамашка, хила хьекъале, цунна уллора дӀа а ма довла.

34Декъала ву соьга ладугӀуш верг, сема а волуш, хӀора дийнахь сан кевнехь а, сан неӀарна а уллохь ха деш лаьтташ верг.

35Со мел карийначунна дахар карийна, Везачу Элера дика а хир ду цунна.

36Соьга схьа ца кхаьчнарг шен синна бохам боккхуш ву. Хьекъалалла ца дезаш верг Ӏожалла езаш ву».

Institute for Bible Translation, 2012
div>