1Цул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашна юкъара кхин а кхузткъе шийтта стаг хаьржира. Шел хьалха шишша цхьаьна Ша ваха везачу гӀаланашка а, ярташка а дӀахьовсийра Цо уьш.
2Цо элира цаьрга: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу. Ялта долчу Дега деха иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий.
3ДӀадуьло! Берзалойн арданга юкъа Ӏахарий санна, дӀадохуьйту Ас шу.
4Шайца я бохча а, я тӀоьрмаг а, я мачаш а схьа ма эца, новкъахь маршалла хоттуш цхьаьнцца а совца а ма совца.
5Шаьш чоьхьадевллачу цӀа чохь цкъа хьалха ала: „Машар хуьлда хӀокху хӀусамехь!“
6Нагахь санна цу чохь Ӏаш волу хӀусамда машар безаш стаг велахь, аш кховдийна машар цуьнгахь буьсур бу, нагахь вацахь — шун машар шуна тӀе юхабоьрзур бу.
7Оцу цӀа чохь Ӏе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хӀунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХӀусамаш ма хийца.
8Шаьш гӀала а дахана, цигахь тӀеэцахь, шайна елларг яа,
9цомгуш нах тобе, ткъа хаам бе цаьрга: „Делан Олалла юххе кхаьчна шуна!“
10Шаьш тӀе ца эцначу гӀалахь, урамашкахула дуьйла а лой, ала:
11„Шун гӀалахь тхан мачаш тӀе йиллина чан а шуна юха дӀаегайо оха. Амма хаалаш, кху гӀалара бахархой: Делан Олалла гергакхаьчна шуна!“
12Ас боху шуьга: къематан дийнахь Седам-гӀалара нахана атта хир ду оцу гӀалара нахана чул».
13«Декъаза ю хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю хьо, Бет-Саида-гӀала! Нагахь санна Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а шу долчохь хилла тамашийна хӀуманаш хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара.
14Цундела Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь шуна чул дуккха а атта хир ду.
15Ткъа хьо, Къапарнам-гӀала,
16ТӀаккха Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Шуьга ладугӀуш волчо Соьга ладугӀу, шу тӀе ца оьцучо Со тӀе ца оьцу. Ткъа Со тӀе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тӀе ца оьцу».
17Ӏийсас вахийтина кхузткъе шийтта мурд юхавеара, самукъадаьлла, воккхавеш. «Эла, — бохура цара, — жинаша а оха бохург до, Хьан бакъонан цӀарах оха омра дича».
18Ӏийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гӀорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис.
19Ас шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтӀанашна тӀе, лаьхьанашна а, дӀаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагӀчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хӀума дац.
20Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цӀераш Дала стигалшкахь дӀаязъярх даккхийде».
21Оццу хенахь Делан Сино хазахетарх кийра буьзначу Ӏийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, Латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчараххий, Ӏилма долчараххий и хӀума къайла а даьккхина, бер санна, догцӀеначарна Ахьа иза дӀаделларна. ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду!
22Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна. Цхьанна а ца хаьа КӀант мила ву, Дена бен, цхьанна а ца хаьа Да мила ву, КӀантана бен а, Да гайта КӀанта хаьржинчу нахана бен а».
23Юха, мурдашка дӀа а вирзина, цаьрга шайгга элира Цо: «Дала декъалдина нах ду шу, хӀунда аьлча шайн бӀаьргашца хӀара дерриг а го шуна.
24Ас боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, паччахьаш а лууш бара хӀара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».
25Юха, хьалха а ваьлла, цхьана Ӏеламчу стага Ӏийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, — хаьттира цо, — ас хӀун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?»
26«Товрат тӀехь хӀун ду яздина? — дуьхьал хаьттира Ӏийсас а. — Хьо муха кхета цунах?»
27Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“».
28«Нийса жоп делира ахь, — элира цуьнга Ӏийсас, — иштта дан а де ахь, тӀаккха хьо Дела волчохь вехар ву».
29Амма Ӏеламчу стага, бехказавалархьама, хаьттира: «Ткъа мила ву суна уллораниг?»
30Цунна жоп луш Ӏийсас дийцира: «Цхьа стаг хилла Ярушалаймера Ерихоне охьавогӀуш. Новкъахь цунна тӀе талорхой летта. Некъахочунна тӀера хӀуманаш схьа а яьхна, цунна вала воллалц етта а йиттина, и охьатесначохь а витина, дӀабахана уьш.
31ТӀаьхьо цу новкъа схьавогӀуш хилла цхьа динан да. Новкъахь Ӏуьллу и стаг а гина, некъан дехьа агӀор а ваьлла, тӀехваьлла дӀавахана иза.
32Изза дина цхьана левихочо
33Юха лазийнарг Ӏуьллучу метте кхаьчна араваьлла лелаш волу шамранхо. И стаг а гина, оцу пекъарх къахетта цунна.
34Цо, тӀе а вахана, даьттанца а, чагӀарца а цуьнан чевнаш йила а йилина, дӀайихкина. Юха лазийнарг, шен вира тӀе а хаийна, некъахоша садоӀучу цӀийне а валийна, цуьнан цигахь терго еш, иза Ӏалаш а вина цо.
35ШолгӀачу дийнахь, ша дӀавоьдуш, хьешан цӀийнан хӀусамдена ши динари ахча а делла, цо аьлла: „ХӀокхуьнга хьажалахь, со юхавогӀуш, ас хьан хилла харж меттахӀоттор ю хьуна“.
36Мила вара оцу кхааннах талархоша лазийначу стагана уллораниг, хьуна моттарехь?»
37Ӏеламчу стага жоп делира: «Цунах къинхетам бинарг вара-кх».
38Шайн новкъахула богӀуш, цхьана юьрта кхечира Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а. Цигахь Марта цӀе йолчу зудчо шен хӀусамехь тӀеийцира уьш.
39Оцу зудчун Марем цӀе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугӀуш Ӏара.
40Ткъа Марта, дуккха а яа хӀума кечъян гӀерташ, хьаьддий, еддий лелаш яра. ТӀееана, Ӏийсага элира цо: «Эла! И сан йиша, хӀара болх берриг а суна тӀе а тесна, Ӏаш хилар нийса доцийла ца го Хьуна? Суна гӀо де алахьа цуьнга», — аьлла.
41«Маржа яӀ, Марта, — элира Ӏийсас, — хьо дуккха а хӀуманашна гӀайгӀа бан гӀерташ ю,
42ткъа оьшушдерг цхьаъ бен дац. Марема диканиг хаьржина, иза цуьнгара цхьаммо а дӀадоккхур дац».