1Цул тӀаьхьа Ӏийса Ерихон-гӀалахула чекхволуш вара.
2Цу гӀалахь вехаш вара ял гулъечеран хьаькам а волуш, хьал долуш цхьа стаг. Цуьнан цӀе Закай яра.
3Закайна чӀогӀа лаьара Ӏийса ган, амма дегӀана жима волу дела, нахана тӀехула ца хьажалора иза.
4Ведда хьалха дӀа а вахана, цхьана комарийн дитта тӀе хьалавелира иза, тӀехволу Ӏийса гархьама, хӀунда аьлча Ӏийса цигахула дӀаваха везаш вара.
5Закай волчу метте тӀевеана, хьала а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Закай, сихха чувосса! Хьо волчохь саца веза Со тахана».
6Вукхо, сиха чу а воьссина, хазахетарца тӀеийцира Ӏийса шен хӀусамехь.
7И дерриг гина, резабоцучара вовшашлахь шабарш дора: «Къинош летийначу стеган хӀусаме хьошалгӀа веа-кх Иза».
8Закайс, хьала а гӀаьттина, элира Везачу Эле: «Эла! Ас сайн ах бахам къечарна дӀалур бу, нагахь ас цхьана хӀумана тӀехь стаг левинехь, цунна хилла зе доьазза меттахӀоттор ду!»
9Ӏийсас элира: «Тахана къинхетам боьссина кху хӀусаме, хӀунда аьлча иза а ИбрахӀиман кӀант ву.
10Адамийн КӀант дайнарг каро а, кӀелхьардаккха а веана ма ву».
11ЛадугӀучарна Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира. Иза Ярушалаймана уллохь волу дела, халкъана моттаделира Делан Олалла хӀинццехь гучудаьлла хир ду.
12Ӏийсас дийца долийра: «Паччахьан цӀийнах волу цхьа стаг хилла генарчу махка ваха араволуш, цу махкахь шен паччахьан бакъонаш чӀагӀ а йина, вухаверзархьама.
13Ша дӀавахале, шен ялхой схьа а кхайкхина, цаьрга итт дашо ахча а делла, аьлла цо: „Со вухавале, хӀара ахча пайда хуьлучу гӀуллакхна хьажаде“.
14Амма оцу махкарчу нахана ца везара и стаг. Цара цунна тӀаьххье хьадалчаш бахийтира, шайн лаам дӀахаийта: „Тхуна ца лаьа и стаг тхайн паччахь хила“, — аьлла.
15Паччахь а хилла, ша вухавеача, цу стага схьакхайкхийтира шен ялхошка. Цаьрга, шен ахчанах хӀун пайда хилла аьлла, хаьттира цо.
16Хьалхарчу ялхочо, ван а веана, элира: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано итт дашо ахча пайда бина“, — аьлла.
17ХӀусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кӀел итт гӀала ло ас“.
18ШолгӀачо аьлла: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано пхи дашо ахча пайда бина“.
19„Хьо пхеа гӀалина тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво ас“, — аьлла цуьнга паччахьо.
20
22Паччахьо элира цуьнга: „Айхьа-хьайна кхел йи ахь, мекара ялхо! Хьуна хаьара со къиза стаг вуйла: айса дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцуш а, айса дӀа ца дийначуьра ялта хьокхуш а.
23Со цӀа вале оцу ахчанах суна пайда хӀунда ца бира ахь, тӀе са а йоккхуш иза юхалург делла а?“ — аьлла.
24ТӀаккха уллохь лаьттачаьрга элира цо: „Схьаэца цуьнгара дашо ахча, дӀало иза итт дашо ахча пайда бинчунна“, — аьлла.
25Ялхоша элира: „Эла! Цуьнгахь итт дашо ахча долуш ма ду“, — аьлла.
26Паччахьо жоп делира: „Ас боху шуьга: долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду.
27Ткъа аса шайна тӀехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагӀий, схьа а балабай, хӀокху меттехь, суна хьалхахь байа“, — аьлла».
28Шен дийцар чекх а даьккхина, Ярушалайме боьдучу новкъахула мурдашна хьалхаваьлла вахара Ӏийса.
29Зайт-диттийн ломан басенашкахь Ӏохкуш йолу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а гӀаланашна тӀекхочуш, Шен мурдех шиъ вахийтира Цо, царна тӀе декхар а диллина:
30«Шайна хьалха лаьттачу юьрта дӀагӀо. Шу юьрта чу довллушехь, цхьа а стаг тӀе а хааза, дӀайихкина къона вир карор ю шуна, схьа а ястий, иза кхуза схьаялае.
31Цхьамма шайга хаттахь: „Схьа хӀунда йосту аш иза?“ — аьлла, „Элана оьшу хӀара“, — эр ду аш».
32ДӀабаханчу мурдашна, Ӏийсас ма-аллара, карийра дерриг а.
33Цара вир схьайостучу хенахь, хӀусамдайша хаьттира: «Вир схьа хӀунда йосту аш?» — аьлла.
34Кхара жоп делира: «ХӀара Элана оьшу», — аьлла.
35Мурдаша, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедар а кхоьссина, Ӏийса тӀехаийра.
36Иза новкъа вогӀуш, цара шайн бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура.
37Зайт-диттийн лам тӀера некъ охьабоьрзучу меттехь берриг мурдаш самукъадаларца, мохь туххуш Далла хастамаш бан буьйлабелира, шайна мел гина тамашийна гӀуллакхаш бахьана долуш:
38«Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» — бохуш.
39Нахана юкъара цхьаболчу парушхоша элира Ӏийсага: «Устаз! Совцабе Хьайн мурдаш!» — аьлла.
40Цо жоп делира царна: «Билггала боху шуьга: нагахь уьш совцахь, тӀулгаша а маьхьарий деттар ду».
41Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гӀала а гина, Ӏийсан бӀаьргех хи делира.
42Цо элира: «Маржа-яӀ! ХӀокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хӀун оьшу хьуна хиъча!.. Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бӀаьргех.
43Цхьа денош догӀур ду, мостагӀаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агӀор хьо къовлуш.
44ТӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш».
45Делан цӀийнан керта а веана, цигара мах беш болу нах дӀалахка волавелира Ӏийса.
46«Яздина ду, — бохура Цо цаьрга, — „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“, — аьлла, ткъа аш кхунах зуламхойн бен бина».
47Ӏийсас хӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а Ӏийса хӀаллакван лууш бара.
48Амма церан аьтто ца болура, хӀунда аьлча дерриг адам гуттар а Цуьнца дара, хӀора Цуьнан даше ладугӀуш.