1Тибар паччахь волу пхийтталгӀа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхӀуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХӀарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цӀе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш,
2динан коьрта дай бара Ӏанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кӀанте Яхьъяга Делера хаам хилира.
3Цул тӀаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тӀехь болчу махкахула вогӀура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», — бохуш.
4Цуьнан хьехамех лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина:
5
6
7Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам?
8Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахӀим ву“, — алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян.
9Орамашна тӀехула диг хьалаайина ду: хӀора шена тӀе пайден болу стом ца латтош долу дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу».
10«Ткъа хӀун де оха?» — бохуш хоьттура наха.
11Яхьъяс жоп лора: «Шен ши коч йолчо цхьа а йоцучунна цхьаъ дӀало, шен яа хӀума йолчо изза де».
12Ял йоккхуш берш а богӀура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! — хоьттура цара, — оха хӀун дан деза?»
13«Нахера совнаха ял ма яккха», — бохура цо цаьрга.
14ТӀемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хӀун дан деза?»
15Адам цхьана хӀумане сатуьйсуш Ӏара, массеран дагахь дара: «Дала леррина Къобалвинарг вуй теша Яхьъя?»
16Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогӀур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цӀерца а дахчор ду шу.
17Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу, хьаьттахь долу кӀа, цӀан а дина, цӀа чу схьагулдархьама. Ткъа кегаш цкъа а дӀайовш йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».
18Оцу дешнашца а, кхин дуккха а кхидолчу тӀедожоршца а халкъе хазачу кхоах лаьцна хаамаш бора Яхьъяс.
19Цу хенахь Яхьъяс бехке вира махкана тӀехь куьйгалла деш волу ХӀарод, шен вешин зуда ХӀародад ялийна аьлла а, кхин а цуьнгара даьлла зуламаш бахьанехь а.
20ХӀарода шегара девллачу зуламашна тӀе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира.
21Схьавеанарг массо а хих чекхвоккхуш, Ӏийса а ваьккхира. Иза доӀа дан хӀоьттира — стигал еллаелира.
22Ӏийсана тӀе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам!»
23Ӏийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча.
24Ӏела Маттатан вара,
25Юсуп Маттит-ЯхӀун,
26НагӀай Махьатан,
27Йовди Йохьанан,
28Нера Мелхин,
29Ӏаьр ЮшаӀан,
30Леви ШимӀин,
31Элъякъим Мелин,
32Дауд Юшаян,
33Нахьшон Ӏамминадабан,
34ЯхӀуд Якъубан,
35Нахьир СерагӀан,
36Селахь Къаиман,
37ЛемакӀ Матушалахьан,
38Къаим Эношан,