1Делан Синах вуьззина веара Ӏийса Йордан-хи тӀера. Делан Сино Иза яьссачу метте дӀавигира.
2Цо шовзткъа де-буьйса даьккхира цу меттехь. Оцу шовзткъа дийнахь-бусий Иза волчохь иблис дара, ХӀара зуьйш. Ерриг и хан йоккхуш Ӏийсас хӀума ца йиънера. Эххар а мацвеллера Иза.
3Иблисо элира Цуьнга: «Хьо Делан КӀант велахь, хӀокху тӀулге бепиг хила ала».
4Ӏийсас жоп делира: «„Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац“, — аьлла, яздина ду».
5Юха, лаккхарчу метте хьала а ваьккхина, бӀаьрган негӀар тухучу ханна дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш гайтира Цунна иблисо.
6ТӀаккха иблисо элира: «Хьуна лур ду ас оцу пачхьалкхашна тӀехь олалла дар а, церан сийлалла а, хӀунда аьлча иза дерриг а Дала сайна даларна, сайна луучунна дӀадала йиш ю сан.
7И дерриг Хьан хир ду, нагахь санна Ахь суна, Далла санна, Ӏибадат дахь».
8Амма Ӏийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»
9Иблисо Ӏийса Ярушалайме а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КӀант велахь, — элира иблисо, — кхузара чукхоссало.
10Яздина ма ду: „Везачу Эло шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду, Хьо леррина ларве“, — аьлла.
11Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“».
12Амма Ӏийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“, — аьлла, яздина ду».
13Ӏийса зийна а даьлла, иблис дӀадахара, юха шен аьтто баллалц.
14Ӏийса, Делан Синан ницкъ Шеца болуш, Галилай-махка юхавеара. Цунах лаьцна берриг махкахь дуьйцуш дара.
15Церан гуламан цӀеношкахь нахана хьеха волавелира Иза. Массара а хеставора Иза.
16Ша кхиинчу Назарт-ГӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь, гуттар а Ша ма-варра, жуьгтийн гуламан цӀа чу веара Иза, Дала делла Йозанаш деша.
17Цунна схьаделира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина, хьарчийна тептар. И схьа а даьстина, оьшу меттиг схьа а лехна, дӀадийшира Цо:
18
19
20И дешна а ваьлла, тептар дӀа а хьарчийна, цӀа чохь гӀуллакх дечу стаге дӀаделира Цо. Юха Ӏийса охьахиира. Чохь верг массо а Кхуьнга схьахьоьжуш вара.
21Ӏийсас элира: «Тахана кхочушхилла хӀокху тептар тӀехь яздинарг, шуна иза хезачу хенахь».
22Массо а, ХӀара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кӀант ма ву Иза?» — бохуш.
23ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аша эр ду Соьга, олуш ма-хиллара: „Лор, айхьа-хьайна дарба де“. Цу тӀе а доьгӀна, аш ала мега: „Тхуна хезнера Къапарнамехь хилларг. Кхузахь, Хьо кхиинчу гӀалахь, изза де“, — аьлла».
24Юха Ӏийсас тӀетуьйхира: «Ма-дарра бакъ ду: ша схьаваьллачу махкахь пайхамар тӀеоьцуш ца хилар.
25Баккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхӀу-пайхамаран заманахь дукха бисина Ӏаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догӀа а ца деана, мацалла хӀоьттинера берриг а махкахь.
26Амма оцу зударшна цхьанна а тӀе ца веанера Эли-ЯхӀу, цхьаъ йоцучунна. Иза ЦӀадан-махкара Сарпатера йисина Ӏаш йолу зуда яра.
27Дуккха а дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолуш нах бара Исраилехь ЭлишаӀ-пайхамар волчу хенахь. Амма оцу нахах даьӀнех цхьа сирийхо НаӀаман воцург цхьа а цӀан ца велира».
28И дешнаш хезча, оцу цӀа чохь волу массо а, оьгӀазвахана,
29хьалаиккхира. Цара Ӏийса гӀали чуьра араваьккхира. И гӀала тӀехь лаьттачу лома йистте схьа а валийна, Иза Ӏинна чукхосса гӀерташ бара уьш.
30Амма Ӏийса, нахана юккъехула а ваьлла, Шен некъахула дӀавахара.
31Галилай-махкарчу Къапарнам цӀе йолчу гӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана хьехамаш бора Цо.
32Массо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгӀуш Ӏара, хӀунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел.
33Гуламан цӀа чохь жино талхийна цхьа стаг вара. Оцу стага мохь хьаькхира:
34«ХӀей, Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца, Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву — Делан Везаниг!» — бохуш.
35Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Цунна чуьра арадала!» — аьлла. Цу нахана юккъехь и стаг охьа а тоьхна, цунна чуьра жин араделира, цу стагана зен а ца деш.
36Массо а наха, чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хоьттура: «И хӀун хьехам бу? Жинаш, Цуьнан омре ладугӀий, стагана чуьра арадовлу. Царна тӀехь олалла до Цо», — бохуш.
37Ӏийсах лаьцна оцу махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.
38Ӏийса, гуламан цӀа чуьра ара а ваьлла, ШамӀа волчу цӀа вахара. ШамӀин стуннана дагар долуш Ӏуьллуш яра. Ӏийсага цунна дарба де аьлла, дехнера.
39Оцу зудчунна тӀехула а хӀоьттина, дагаре дегӀах дӀакъаста аьлла, омра дира Цо. Дагар дӀаделира, и зуда, хьала а гӀаьттина, кхарна хьошалла дан йолаелира.
40Сарахь, малх чубузучу хенахь, цомгуш болу массо а нах балийра Ӏийсана тӀе. Царна хӀоранна тӀе куьйгаш а дохкуш, дарба дира Цо.
41Дукхахдолчу адамех жинаш дӀакъаьстира: «Хьо Делан КӀант ву!» — бохуш, маьхьарий а детташ. Ӏийсас царна иза ала ца магадора, хӀунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла.
42ШолгӀачу дийнахь, Ӏуьйранна, цхьа а адам доцучу метте вахара Иза. Амма нах Иза леха хӀиттира, ткъа И волчу а баьхкина, уьш Иза сацо гӀерташ бара, шаьш долчуьра дӀацавахар а доьхуш.
43Амма Ӏийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ баржош, кхечу меттигашка а кхача везаш ву Со, хӀунда аьлча Со оцу балхана ваийтина ву».
44ЯхӀуд-махкахь тайп-тайпанчу меттигашка а воьдуш, гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш бора Цо.