1Цул тӀаьхьа, Хьацерут цӀе йолчу меттигера ара а даьлла, халкъ Паран цӀе йолчу яьссачу арахь сецира.
2Везачу Эло Мусага элира:
3«Аса исраилхошна луш долу канаӀанхойн латта талла шайна юкъара нах бахийта. Шайн дайн тӀаьхьенах долчу хӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо вахийта».
4Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, шаьш Паран цӀе йолчу яьссачу арахь долуш Мусас нах бахийтира цу лаьтте хьовса. Уьш берриш а исраилхошна юкъахь коьртанаш бара.
5Церан цӀераш хӀорш яра:
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17Иштта яра Мусас латта талла хьажийначу нехан цӀераш. Нунин кӀантана ХӀушаӀана, ЮшаӀ аьлла, цӀе тиллира Мусас.
18Шаьш Паран-яьссачу арахь долуш, дӀахьажийра Мусас и нах канаӀанхойн латта муха ду хьажа. Мусас цаьрга элира: «НегӀаб-яьссачу аренгахула а гӀой, лаьмнаш тӀе довла.
19Цигара латта муха ду а хьовса, цу тӀехь дехаш долу халкъ муха ду а талла: иза ницкъ болуш ду я дац, дукха ду я кӀезиг ду?
20И халкъ дехаш болу мохк муха бу а хьовса: иза хаза бу те я декъаза бу те? Церан гӀаланаш муха ю а хьовса. Халкъ четарш чохь Ӏаш ду я дика чӀагӀйинчу гӀаланаш чохь дехаш ду талла.
21Латта муха ду а хьовса: токхе ду я ледара ду? Цигахь дитташ ду я дац хьовса. Даггара гӀерталаш, шаьш юхадоьрзуш цу махкахь кхуьуш болу стоьмаш шайца схьабалаш». (Ткъа иза кемсаша стом луш йолу зама яра.)
22Цара, дӀа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Ӏинна юххехь йолчу Рахьуб-гӀалина тӀекхаччалц и мохк теллира.
23Меттамотт болчуьра дӀа а бахана, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гӀала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Ӏаьнакхан тӀаьхьенах
24Уьш Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу баьхкира. Цигахь, дӀаса а хьаьжна, кемсийн таьллангана тӀера кемсийн хорха тӀехь йолу га хадийра цара. И га гӀуркхана тӀе дихкира, ткъа гӀуркх шина стага хьалаайина дӀабаьхьира. Иштта наран а, инжиран а диттийн стоьмаш а схьаийцира цара.
25Оцу меттигна Ашкул
26Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дӀадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира.
27Юха а бирзина, Паран-яьссачу арахь йолчу Кхадеш йолчу меттехь Мусана а, АхӀаронна а, дерриге а Исраилан халкъана а тӀебаьхкира уьш. Цара шайна гинчух лаьцна жамӀ а дира, шаьш цу махкара схьабеана стоьмаш а гайтира.
28Шайна гинарг а дуьйцуш, цара элира: «Ахьа дӀахьажийначу лаьтта тӀе кхечира тхо. Иза билггал шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду, ткъа хӀорш бу цу махкара беана стоьмаш.
29Цу махкахь дехаш долу халкъ ницкъ болуш а ду, церан гӀаланаш чӀагӀйина а ю, дикка яккхий а ю. Тхуна-м Ӏаьнакхахой а гира цигахь.
30НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Ӏамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хӀордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаӀанхой».
31Мусана гонах гулделла халкъ те а деш, Килаба элира: «Вай, даха а дахана, и латта ваьшна схьадоккхур ду, хӀунда аьлча иза вайга схьадаккхалур долуш ду».
32Ткъа цуьнца баханчара бохура: «Цу халкъана дуьхьалдовлалур дац вай, хӀунда аьлча иза вайл ницкъ болуш ду!»
33Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тӀехь дехаш долу халкъ дӀакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догӀмаш долуш.
34Цигахь тхуна гира Ӏаьнакхан тӀаьхьенах схьабевлла болу даккхий догӀмаш долу дажалш. Царна хьалха тхаьш цӀоз долуш санна хетара тхуна, церан бӀаьргаш чухула тхо а хетара иштта долуш санна».