1КанаӀан-махкахь къилбехь вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародна хиира, Атарайме богӀучу новкъахула исраилхой схьабогӀуш буйла. Цаьрца тӀаме а ваьлла, масех исраилхо йийсаре вигира цо.
2ТӀаккха Исраилан халкъо Везачу Элана чӀагӀо йира: «Нагахь цу халкъана тӀехь толам баккха тхуна Ахь гӀо дахь, оха церан гӀаланаш йохийна охьайохкур ю», — аьлла.
3Исраилхойн дехар а хезна, царна гӀо дира Везачу Эло. КанаӀанхой а, церан гӀаланаш а хӀаллак а йина, цу меттигна Хьорма цӀе тиллира исраилхоша (иза «хӀаллакьяр» бохург ду).
4ХӀор-лома тӀера ЦӀечу хӀорда
5Далла а, Мусана а лен буьйлабелира уьш: «Кху яьссачу арахь далийта даьхна аша тхо Мисарара ара? Кхузахь я бепиг а, я хи а дац. Тхуна бӀаьрга бан а ца беза и декъаза кхача
6Везачу Эло халкъана тӀе дӀаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира.
7Мусана тӀе а баьхкина, исраилхоша элира: «Везачу Элана а, хьуна а лен а лийна, къа латийна оха. ДоӀа дехьа Везачу Эле, Цуьнга лаьхьарчий дӀадахахьара алий». Мусас нахана тӀера доӀа дира Везачу Эле.
8Везачу Эло Мусага элира: «ЦӀестан лаьхьа а бай, хьокхана тӀе тоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву».
9Мусас, цӀестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тӀе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура.
10Цигара дӀа а бахана, Обат олучу меттехь севцира исраилхой.
11Юха Обатера дӀабахана, Ӏий-Ӏабарим цӀе йолчу меттехь, яьссачу арахь, Муаби-махкана малхбалехьа севцира уьш.
12Цу меттера а дӀа а бахана, Зерад цӀе йолчу тогӀи чохь севцира уьш.
13Цигара дӀабахча, яьссачу арахь долчу, эмархойн лаьтта тӀе долучу Арнон-хина уллохь севцира уьш. И хи Муаби а, эмархойн а мехкашна юккъехь доза хилла догӀуш дара.
14Цундела аьлла Везачу Элан тӀемех лаьцна долчу тептар тӀехь:
15
16Кхузара дӀа Беар цӀе йолчу метте бахара исраилхой (иза «гӀу» бохург ду). Цу меттехь йолчу гӀунах лаьцна Везачу Эло Мусага элира: «Схьагулде халкъ, Ас хи лур ду царна».
17ТӀаккха исраилхоша йиш лекхира:
18
19Матанера Нахьалиал цӀе йолчу метте бахара уьш, ткъа цигара Бамот олучу метте бахара,
20Бамотера Муаби-махкахь йолчу тогӀи чу баьхкира уьш. Цигахь яьссачу аренгахьа бирзина лаьтташ Пасга цӀе йолу лам бара.
21Эмархойн паччахьна Сихьонна тӀе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна:
22«Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гӀур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тӀе а ца довлуш, гӀунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гӀур дацара тхо».
23Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дӀабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхӀац цӀе йолчу гӀали уллохь исраилхошца тӀаме велира Сихьон.
24Цунна тӀехь толам а баьккхина, Арнона тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Ӏамминхойн дозанехь севцира, хӀунда аьлча шайн доза чӀогӀа лардора Ӏамминхоша.
25Эмархойн ерриге а гӀаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гӀала а, цунах йозуш йолу кегийра гӀаланаш а ехира цара схьа.
26Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гӀала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тӀом а бина, Арнонна тӀекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона.
27Цундела боху илланчаша:
28
29
30
31Иштта Эмархойн махкахь баха хевшира исраилхой.
32Мусас масех стаг вахийтира ЯӀзир-гӀалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша.
33Цул тӀаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреӀи-гӀалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тӀамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа.
34Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дӀалур бу. Хьешбонехь Ӏийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна».
35Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ӀовгӀа а, цуьнан кӀентий а, дерриг цуьнан халкъ а хӀаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.