13Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дӀаэр дац аса!»
14«ХӀинца со сайн халкъана тӀе юхавоьрзу, амма хьуна дӀахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна».
15БалиӀама хӀара дешнаш дӀаэлира:
15«БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а, Сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.
16Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара, Веза Воккха Дела шена вевзаш волчу. Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт, лаьтта а воьжна, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.
17Суна иза го, амма иза хӀинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тӀаьхьенах. Паччахь вогӀур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бӀаьштигаш а отур ю, ШатӀин ерриге тӀаьхье а хьоьшур ю.
18Цо Эдом-мохк а дӀалоцур бу, шен мостагӀа долу СеӀиран халкъ а дӀалоцур ду. Ткъа Исраилан халкъан ницкъ совбер бу.