Лелар 34:1-29 CHE2012 - Bible AI

1Везачу Эло Мусага элира:

2«Исраилхошка, тӀе а дуьллуш, иштта дӀаала: „КанаӀан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хӀорш ду:

3къилбехьа агӀор долу шун доза дӀадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дӀагӀур ду.

4Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Ӏинна тӀе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьӀа цӀе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гӀала а деана, Ӏацмун-гӀалахула чекхдер ду.

5Ӏацмунера иза дӀагӀур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе, цигара Дуьненаюккъера хӀорда тӀе а кхочуш.

6Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хӀорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду.

7Къилбаседехьа долу шун доза дӀагӀур ду Боккхачу хӀорда тӀера ХӀор-ломана тӀе кхаччалц.

8ХӀор-лома тӀера иза Хьамат-Ӏине кхачийта, Цедад-гӀалина тӀе а кхачош.

9Цигара Зипрун-гӀалина тӀекхаччалц дӀагӀур ду и доза, Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀе а кхочуш. Иштта хир ду къилбаседехьа долу шун доза.

10Малхбузехь долу шайн доза чекхдаккха Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀера Шипам-гӀалина тӀекхаччалц.

11Шипам-гӀалина тӀера, Ӏейн-гӀалина малхбалехь йолчу Рабила-гӀалина тӀекхочур ду и доза. Цигара дӀа иза Канарот-Ӏоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду.

12Цул тӀаьхьа иза Йордан-хинехула дӀагӀур ду Дуьрачу хӀордана тӀекхаччалц.

12Массо а агӀор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“».

13Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, Мусас элира: «Аша, кхаж а тесна, доккхун долу латта хир ду иза. Везачу Эло исс тайпанна а, Маннашан тӀаьхьенах долчу ахтайпанна а лур ду аьлла иза,

14хӀунда аьлча Раабанан тайпанан а, Гадин тайпанан а, Маннашан ахтайпанан а доьзалша шайна догӀуш долу лаьттан дакъош дӀаэцна.

15Оцу шина тайпанна а, ахтайпанна а делла долу лаьттан дакъош малхбалехь Йордан-хил дехьа лаьттачу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор ду».

16Везачу Эло Мусага элира:

17«Шуна латта декъа дӀахӀиттийначу нехан цӀераш хӀорш ю: динан да ЭлиӀазар а, Нунин кӀант ЮшаӀ а.

18ХӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо схьакъаставе царна гӀо дан латта декъийта.

19Церан цӀераш хӀорш ю:

19ЯхӀудан тайпанна иза Епунин кӀант Килаб хир ву;

20ШимӀин тайпанна — ӀамихӀудан кӀант Шамуал;

21Бен-Яманан тайпанна — Кислунан кӀант Эли-Дада;

22Данан тайпанна — ЙогӀлин кӀант волу эла Букхай;

23Юсупан кӀентан Маннашан тайпанна — Ийпадан кӀант Хьаниал;

24Юсупан кӀентан Эпрайман тайпанна — Шиптанан кӀант волу эла Къамуал;

25Забулан тайпанна — Парнакан кӀант Эли-Цапан;

26Иссарханан тайпанна — Ӏазанан кӀант волу эла Палтиал;

27Ашаран тайпанна — Шалумин кӀант АхьъяхӀуд;

28Напталан тайпанна — ӀамихӀудан кӀант волу эла ПидӀаил».

29КанаӀан-махкара царна кхочуш долу лаьттан дакъош исраилхошна декъа Везачу Эло дӀахӀиттийна берш бу уьш.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>