Малъаки 2:1-17 CHE2012 - Bible AI

1Цундела, динан дай, шуьга ду хӀара весет.

2«Нагахь санна аша ла ца догӀахь, нагахь санна Сан цӀе лара шу доггаха тӀедирзина дацахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — Ас шуна неӀалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХӀинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тӀе ца дерзийна дела.

3Ас шух схьайолучу тӀаьхьенна таӀзар дийр ду. Шун юьхь тӀе кхелли кхуссур ю Ас — шайн дезачу деношна аша лерина долчу сагӀанийн кхелли. Цуьнца цхьаьна шу а дӀакхуьссур ду.

4ТӀаккха кхетар ду шу, и весет левихошца бина болу Сан барт ларбархьама Ас дина хиларх, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

5Ас цаьрца бина болу барт дахаран а, машаран а барт бара. Дахар а, машар а Ас царна дӀабелира, уьш Соьга ларамах буьзна хилийтархьама. Иштта хила а хилира — уьш Сан цӀаре ларамах буьзна лаьттара, Суна хьалха инзарбевлла бисира.

6Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тӀера. Уьш Соьца машарца а, догцӀеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара.

7ХӀунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела.

8Амма шу, динан дай, нийсачу некъа тӀера дӀадирзина. Шайн хьехамаш бахьана долуш, дукха нах галбовлийтина аша. Аса левихошца бина болу барт бохийна аша, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —

9Иштта Ас шу дерриг а халкъана хьалха дегаза а, юьхьӀаьржа дина дӀахӀиттор ду, аша Сан некъаш лар ца до дела а, товрат-хьехаман гӀуллакхаш тӀехь аша озабезамаш лелабо дела а».

10Цхьа да вац ткъа вайн? [1] Цхьана Дала кхоьллина дац ткъа вай? ХӀунда хуьлу вай вовшашна ямартлонаш лелош, Дала вайн дайшца бина барт сийсаз а беш?

11ЯхӀудхоша а ямартлонаш лелайо. Исраил-махкахь а, Ярушалаймехь а дегаза хӀума лелийна. Везачу Элана дезаш долу Цуьнан деза цӀа сийсаздаьккхина яхӀудхойн халкъо, хийрачу делан йоӀ цо шена ялийна йолу дела.

12Иштта дерг лелош волу милла а Везачу Эло Якъубан тӀаьхьенах дӀахадавойла! Цунах цхьа а ма вуьсийла, массо а ницкъийн Везачу Элана сагӀанаш дахийта!

13Аша-м кхин а хӀара а до: Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе бӀаьрхиш Ӏенадойту аша. Шу делха а доьлху, узарш а до, хӀунда аьлча, Веза Эла кхин дӀа ца хьожу аша деанчуьнга, Цо шун карара сагӀанаш резахиларца тӀе ца оьцу.

14Аша-м хаттар до: «ХӀун бахьанина?», — бохуш. И дера ду, къона волуш хьайна ялийначу зудчуьнца ахьа барт беш Веза Эла теш хилла дела. Ахь цу зудчунна ямартло йина, иза хьайн накъост а, бакъйолу зуда а йоллушехь.

15Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хӀунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хӀоранна а хила ма лаьа [2]. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал.

16«ХӀунда аьлча майра а, зуда а дӀасакъастар ца деза Суна», — боху Исраилан халкъан Везачу Дала [3] «И деш волчо ша къизаллех вузаво, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Цундела шайн синан тергам белаш, ямартлонаш ма лелаелаш».

17Аша Веза Эла шайн дешнашца кӀадвина. «Оха муха кӀадвина Иза?» — олу аша. «Муьлхха а зулам деш верг Везачу Элан бӀаьргашна хьалха дика ву, Цо ишттачаьргахьа озабезам бо», — аларца, аша шаьш кӀордадайтина Цунна. Я иштта аларца: «Мичахь ву нийса кхел еш волу Дела?»

Institute for Bible Translation, 2012
div>