1Дала леррина къобалвинчу Делан КӀантах Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ болабелла иштта.
2ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро шен заманахь яздинера:
3
4Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама».
5ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а дукха адам догӀура цунна тӀе. Далла хьалха шайх даьллачу къиношна дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхбохуьйтура наха Яхьъяга.
6Цо эмкалан тӀергӀах дина духар леладора, шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦӀоз а, акха моз а дуура Яхьъяс.
7Адамашна иштта хьехамаш бора цо:
8Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу».
9Оцу деношкахь Галилай-махкара Назарт-гӀалара Ӏийса а веара цига. Цо Яхьъяга Йордан-хи чохь Ша хих чекхваккхийтира.
10Ӏийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дӀаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тӀе. И Делан Са Ӏийсана чу дуьйлира.
11Ткъа стигалара аз хезира:
12Цу сохьта Делан Сино Иза яьссачу аренга вахийтира.
13Цигахь иблисо зуьйш, шовзткъа де даьккхира Ӏийсас. Акхарошна юкъахь Ӏаш вара Иза, маликаша Цунна гӀуллакх а деш.
14Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тӀаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Ӏийса Галилай-махка вахара.
15Цо олура: «Хан тӀекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерзий, хазачу кхоах теша».
16Галилай-Ӏомана юххехула чекхволуш, ШамӀа а, цуьнан ваша Ӏандар а гира Ӏийсана. Уьш чӀерий лоцу бой хи чу тосуш бохкура, шаьш чӀерийлецархой болу дела.
17Ӏийсас элира цаьрга: «Суна тӀаьхьахӀитта, ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух».
18Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.
19Дехьо ваьлча, Цунна Зевадин кӀант Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира. Уьш хинкеман чохь чӀерий лоцу бойнаш тоеш бара.
20Ӏийсас цу сохьта уьш схьакхайкхира, ткъа вуьш, шайн да Зевади белхалошца хинкеман чохь а витина, Цунна тӀаьхьа хӀиттира.
21Уьш Къапарнаме дӀабуьйлабелира. Шоьтан де тӀе ма деъана, Ӏийсас гуламан цӀа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира.
22Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хӀунда аьлча Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Ӏийсас.
23ЦӀеххьана гуламан цӀа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш:
24«Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву — Делан Везаниг!»
25Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Арадала цунна чуьра!» — аьлла.
26ТӀаккха, и стаг дӀаса а виттина, чӀогӀа мохь а хьаькхна, цунна чуьра араделира жин.
27Чохь берш чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хетта буьйлабелира: «И хӀун керла хьехам бу? Ур-атталла жинашна тӀехь а олалла до Цо, ткъа вукхара Цуьнан омре ладугӀу».
28Дукха хан ялале Ӏийсах лаьцна Галилай-махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.
29Ӏийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цӀа чуьра ара ма велли, ШамӀа а, Ӏандар а волчу цӀа вахара.
30ШамӀин стуннана чӀогӀа дагар долуш меттахь яра, цара цунах лаьцна дийцира Ӏийсага.
31Ӏийсас, тӀе а вахана, куьг а лаьцна, хьалагӀатта гӀо дира зудчунна. Оцу сохьта дагар дӀа а даьлла, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.
32Сарахь, малх чубуьзначу хенахь, цигара массо цомгушнаш а, жинаша хьийзош берш а балийра Ӏийсана тӀе.
33Дукха адам гулделла дӀахӀоьттинера неӀаре.
34Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Ӏийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Ӏийсас ца магадора, Ша мила ву дийца.
35Ӏуьйранна, сатасале, цӀера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Ӏийса. Цигахь Цо доӀа дира.
36Ткъа ШамӀагӀар Иза лаха арабевллера.
37И карийча, цара элира Ӏийсага: «Массо а Хьо лоьхуш ву».
38Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Дуьло, юххехь йолчу гӀаланашка а, ярташка а гӀо вай, цигахь хьехамаш бан, хӀунда аьлча Со цунна веана ма ву».
39Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Ӏийса.
40ДӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш цхьа стаг веара Ӏийсана тӀе. Ӏийсана хьалха гора а воьжна, шена гӀо дар а доьхуш, цо элира: «Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».
41Цу стагах дукха къа а хетта, цунах куьг а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!»
42Цу сохьта, и цамгар дӀа а яьлла, цу стеган дегӀ цӀанделира.
43Ӏийсас, и стаг сихонца дӀа а хьажош, чӀогӀа тӀедилларца элира цуьнга:
44«Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
45Амма вукхо вахана массанхьа дийцина хиллачух лаьцна, цундела, ма-бохху гӀалахь гучувала йиш ца хиларна, адам кӀеззиг долчу меттигашкахь соцура Ӏийса. ХӀетте а массанхьара а адам догӀура Цунна тӀе.