1Ярушалайме воьдучу новкъахь, Зайт-диттийн ламанца йолчу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а меттигашка шаьш кхаьчча, Шен мурдех шиъ хьалхахьажийра Ӏийсас.
2Царна Цо тӀедиллира: «Шайна хьалха лаьттачу юьрта чу гӀо. Шу юьрта чу довллушехь, йихкина лаьтташ, адамех цхьа а шена тӀе а хааза, къона вир гур ю шуна, иза дӀа а ястий, схьаялае.
3Ткъа цхьаммо шайга хаттахь: „И хӀун ду аша дийриг?“ — аьлла, „Элана оьшу хӀара, Цо сихха юхаерзайойтур ю хӀара“, — ала».
4Мурдаш бахча, царна арахь кевнах йихкина къона вир а гира, цара иза дӀа а яьстира.
5Цигахь лаьттачех цхьаболчара хаьттира: «Аша хӀун леладо, дӀа стенна йосту аша иза?» — аьлла.
6Ӏийсас шайга ма-аллара, жоп делира мурдаша, тӀаккха вукхара дӀахийцира уьш.
7Цара, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедарш тийсира, ткъа Ӏийса цунна тӀе хиира.
8Дукхахболчара шайн тӀехулара бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара, дитташ тӀера гаьннаш а дохуш, уьш некъа тӀе охьадохкура.
9Хьалха бевлла а, тӀаьхьа хӀиттина а богӀучара чӀогӀа маьхьарий деттара:
10
11Ӏийса, Ярушалайме а веана, Делан цӀийнан керта чу велира. Кертахь массанхьа а дӀаса а хьаьжна, хан яьлла хиларна, Шен шийтта мурд а эцна, Бет-ХӀине вахара.
12ШолгӀачу дийнахь хӀорш Бет-ХӀинера схьабевллачу хенахь Ӏийса мацвеллера.
13Геннара, тӀехь дукха гӀаш долу комарийн дитт а гина, цунна тӀе вахара Ӏийса, тӀехь комарш юй те хьажа. Диттана тӀевеача, гӀаш доцург хӀумма а ца карийра Цунна, хӀунда аьлча хӀинца а стом хуьлу хан яцара.
14ТӀаккха Ӏийсас элира дитте: «ХӀинца дуьйна цхьаммо а, цкъа а стом ма боийла хьуна тӀера!»
15Уьш Ярушалайме баьхкира, цигара Делан цӀийнан керта ваьлча, цу кертахь йохкаэцар лелош болу нах дӀалоьхкура Ӏийсас. Ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхарчий духкучеран гӀанташ а харцийра Цо.
16ТӀаккха цхьаьнгге а шайн юхку хӀуманаш Делан цӀийнан кертахула дӀаса ца йохуьйтура Цо.
17Ӏийсас хьехамаш бора царна:
18Ӏелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дӀахезира иза. Цара ойла йора, Ӏийса хӀаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хӀунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех.
19Суьйранна, хан яьлча, Ӏийса, Шен мурдашца ара а ваьлла, дӀавахара оцу гӀалара.
20Ӏуьйранна, комарийн диттана уллохула чекхбовлуш, царна иза орамаш тӀера дуьйна дакъаделла гира.
21ТӀаккха, дага а деана, Кипас элира Ӏийсага: «Устаз! Хьажахь, Ахь сардам боьллина комарийн дитт дакъаделла-кх».
22Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила!
23Аса баккъалла а боху шуьга: нагахь цхьаммо хӀокху ломе олу-кх: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, — шен даг чохь шеко а йоцуш, ткъа ша аьлларг билггала хирг хиларх теша а тешаш и хилча, хир ду цунна цо аьлларг.
24Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доӀан тӀехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила — тӀаккха аш доьхург лур ду шуна.
25Шаьш доӀа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтӀера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама»
27Юха а Ярушалайме баьхкира уьш. Ткъа Ӏийса Делан цӀийнан кертахь лелачу хенахь, динан коьрта дай а, Ӏелам нах а баккхийнаш а баьхкира Цунна тӀе.
28Цара элира Ӏийсага: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»
29Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар, аш Суна жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а.
30Яхьъяс хих чекхваккхар стигалара дара я адамашкара дара? — жоп лол Суна!»
31ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ — аьлла.
32Амма нагахь: „Адамашкара яра“, — алахь...» (Уьш халкъах ца хӀуттура, хӀунда аьлча массарна а Яхьъя билггала пайхамар хетара.)
33Цара Ӏийсага жоп делира: «Ца хаьа тхуна», — аьлла.