1Ӏийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза.
2Кемсаш хуьлу хан тӀекхаьчча, белхалошна тӀе ялхо вахийтина хӀусамдас, шена догӀу кемсийн дакъа схьаэцийта.
3Ткъа белхалоша и ялхо, схьа а лаьцна, етта а йиттина, ваьсса дӀахьажийна.
4ХӀусамдас кхин а цхьа ялхо вахийтина, амма цара коьртах тӀулгаш а диттина, сийсаз а вина, дӀавахийтина иза а.
5Юха а кхиверг вахийтина цо, амма иза вийна, кхин цига мел хьажийначарна белхалоша я еттара цара, я бойура уьш.
6Кхин вахийта цхьа а ца висина, тӀаьххьара а шен хьоме кӀант хьажийна цига хӀусамдас, шен дагахь: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“, — аьлла.
7Ткъа белхалоша вовшашлахь сацам бина: „Иза хин волу хӀусамда ву, вай иза вуьйр ву, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“.
8Цара иза, схьа а лаьцна, вен а вийна, кемсийн бешара кхоьссина дӀаваьккхина.
9Ткъа хӀинца хӀун дийр ду хӀусамдас? Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш.
10Делан Йозанаш тӀехь ца дешна те аш цунах лаьцна:
11
12И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Ӏад а витина, дӀабахара уьш.
13Муьлххачу а дашна тӀехь ваьлла а, Ӏийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХӀарод-паччахьна тӀаьхьа хӀиттина нах а бохуьйту цара Цунна тӀе.
14Ткъа тӀебаьхкича, цара хаттар до Ӏийсага: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Мелхо а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьху Ахь. Нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац? Ло оха, я ма ло?»
15Амма церан мекарло евзаш, Ӏийсас элира цаьрга: «Со стенна зоь аш? Схьадал Соьга цхьа динари ахча, Суна иза гуш хилийта».
16Цара ахча схьадеара. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?»
17ТӀаккха Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делахь паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла — Далла доггӀург».
18Цул тӀаьхьа Ӏийсана тӀе цхьаболу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх.
19Цара хаьттира Ӏийсага: «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна: „Нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто“.
20ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан.
21ШолгӀачу вашас йигна и шен веших йиснарг. Иза а велла, кхин доьзалхо а воцуш, изза хилира кхозлагӀчу вешица а.
22ВорхӀе а вашас ялийна иза, цхьа а бер доцуш, уьш белла. Эххар и зуда а елла.
23Масала, уьш беллачуьра денбеллачу дийнахь, царах хьенан зуда хир ю иза, ворххӀангахь а иза марехь хилла хилча?»
24Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делан Йозанаш ца хааро а, Делан ницкъ ца бовзаро а тиладолуьйтуш дуй те шу?
25Беллачуьра денбеллачара зударий а балор бац, маре а гӀур бац, амма стигаларчу маликех тарлур бу уьш.
26Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тӀехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, — аьлла?
27Дела беллачеран Дела вац, амма дийначеран Дела ву! Ткъа шу чӀогӀа тиладелла ду».
28Цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас шен меттахь жоп далар а гина, Ӏелам нахах цхьаммо, тӀе а веана, хаьттира Цуьнга: «Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех уггар коьртаниг муьлха ду?»
29Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хӀара ду:
30
31ШолгӀаниг а иштта ду:
32«Хаза эли Ахь», — элира жоьпана дуьхьал Ӏелам стага. «Нийса боху Ахь, Устаз! Дела цхьаъ ву, И воцург кхин Дела вац.
33Иза хьайн доггах а веза, доллучу хьекъалца а, боллучу ницкъаца а, хьо санна веза хьайна уллораниг а — иза массо сагӀанал а, цӀий даккхарал а деза ду».
34Цу Ӏелам стага хьекъалца жоп далар а гина, Ӏийсас элира цуьнга: «Гена вац хьо Делан Олаллехь Далла уллохь хиларна». Цул тӀаьхьа цхьа а ца хӀоьттира Ӏийсага хаттарш дан.
35Кхин дӀа а Делан цӀийнан кертахь хьехамаш беш Ӏийсас элира: «Ӏелам наха хӀунда олу: „Дала леррина КъобалвинаргДаудан кӀант ву“?
36Дауда а, ша Делан Синах вуьзначу хенахь, ма аьлла:
37Нагахь Дауда а Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу И Дала леррина Къобалвинарг?»
38Шен хьехамашкахь Цо бохура: «Базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахеташ болчу, деха духарш а духуш кечлучу Ӏелам нахах ларлолаш.
39Царна лаьа гуламан цӀа чохь а, тойнехь а баьрччехь Ӏан.
40Цара бисина Ӏан зударий шайн цӀенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до. Амма ишттачарна луьра таӀзар хир ду».
41Делан цӀийнан кертахь сагӀа гулдечу хазнина дуьхьал а хиъна, наха сагӀина чутосучу ахчанан тидам беш вара Ӏийса. Дукхахболчу хьолахоша дуккха а дуьллура.
42Ткъа цхьа йисина Ӏачу къен зудчо, тӀе а еана, ши жима цӀестан ахча охьадиллира.
43Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира цаьрга: «Бакъдерг боху шуьга, хӀокху йисна Ӏачу къен зудчо сагӀина делларг массара деллачул а деза ду.
44Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа хӀокхо, шен таро йоццушехь, шен мел дерг а охьадиллира».