1Далла лерина шоьтан де дӀадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогӀу хьакхарш ийцира, уьш Ӏийсан докъана хьакхархьама.
2Ӏуьйранна, сатосучу хенахь, кӀирандийнахь и зударий къубба йолчу бахара.
3Цара вовшашка хоьттура: «Къуббанан неӀарера тӀулг хьан дӀабоккхур бу те вайна?» — бохуш.
4Ткъа дӀахьаьжча, тӀулг дӀакарчийна гира зударшна. И тӀулг чӀогӀа боккха бара.
5Уьш къубба чу бевлча, аьтту агӀор хиъна, кӀайн духар а долуш, кӀант гира царна. Уьш чӀогӀа Ӏадийнера.
6Ткъа цо элира зударшка: «Кхера ма ло. ЖӀарах дӀатоьхна хилла Назартера Ӏийса лоьху аш? Иза денвелла. И кхузахь вац. ХӀара ю Иза охьавиллина хилла меттиг.
7Амма аш, гӀой, Цуьнан мурдашка а, Кипе а ала: „Ӏийса Галилай-махка шул хьалхаваьлла гӀур ву, цигахь гур ву шуна Иза, Цо шуьга ма-аллара“».
8Зударий, къубба чуьра ара а бевлла, дӀабевдира. Уьш чӀогӀа кхерабаларна боьхнера, цара цхьаьнгге а хӀумма а ца дийцира.
9
10Цо яхана шена гинарг Цуьнца хьалха хиллачаьрга, ткъа хӀинца Цунна боьлхуш Ӏаш болчаьрга дӀадийцира.
11Амма Ӏийса дийна ву аьлла хезча а, Марема шена Иза гина аьлча а, хӀетте а уьш ца тийшира.
12Цул тӀаьхьа мурдех шинна а, уьш юьрта боьлхучу хенахь, кхечу куьцехь а волуш, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса.
13Цара а, юхабирзича, дӀахаийтира иза кхечаьрга, амма царах а ца тийшира уьш.
14ТӀаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хӀума юучу хенахь, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса. Цо тӀехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна.
15Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дӀа а гӀой, массо а адамашна дӀакхайкхабе хаза кхаъ.
16Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг кӀелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна — кхел хир ю.
17Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цӀарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду.
18Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дӀовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тӀе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу».
19Иштта цаьрца къамел динчул тӀаьхьа Ӏийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиира.
20Ткъа Цуьнан мурдаша, бахана, массанхьа а хаза кхаъ кхайкхийра. Везачу Эло гӀо дора царна. Мурдаша дахьачу хазачу кхоан дешнаш инзаре билгалонашца чӀагӀдора Цо.