1ХӀара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан схьаваларх лаьцна долу дӀаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахӀиман тӀаьхьенах хилла.
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17ИбрахӀимна тӀера Даудана тӀе кхаччалц ейтта тӀаьхье хилла, Даудана тӀера Бавеле йийсаре бахийтталц — ейтта тӀаьхье хилла, ткъа иштта ейтта тӀаьхье кхиъна Бавелера юхабалийначул тӀаьхьа Ӏийса дуьнен чу валлалц.
18Цуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Ӏийсан нана Марем Юсупна ехна хилла. Амма иза маре яхале гучудаьлла Марем Делан Синах доьзалхочух хилар.
19Цуьнан хин волу майра Юсуп чӀогӀа оьзда стаг хилла. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу захало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хилла.
20Цо цу гӀуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира:
21Цо кӀант вийр ву. Цуьнан цӀе Ӏийса
22И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тӀера дешнаш иштта дара:
23
24Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико ма-хьеххара, Марем шена маре схьаялийра.
25Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кӀентан цӀе Ӏийса тиллира.