1Шен къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа Ӏийса, Галилай-махкара дӀа а вахана, ЯхӀуд-махкарчу Йордан-хина дехьарачу агӀонгахь йолчу метте веара.
2Цунна тӀаьхьа хӀоьттина лелаш адамийн тобанаш яра, Цо царна цигахь дарбанаш а дира.
3ТӀаккха Ӏийсана тӀе парушхой баьхкира, Иза зерхьама. Цара хаьттира: «Бакъонехь нийса хир дуй муьлххачу бахьанехь а стаг шен зудчух дӀасакъастар?»
4Ӏийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна?
5Цигахь аьлла ду:
6ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»
7ТӀаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тӀе хӀунда диллина, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дӀа а лой, цуьнца дӀасакъаста аьлла?»
8Ӏийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дӀасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла.
9Ткъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хӀума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву».
10Мурдаша Цуьнга элира: «Майрачун зудчунна хьалха долу декхарш иштта делахь, цунна зуда а ца ялош Ӏер гӀолехь ду».
11Ткъа Цо элира: «Дала шена деллачунна чохь бен тарлур дац Сан дешнаш
12Цхьаберш шаьш дуьнен чу бовллушехь ваьӀна стаг санна хуьлу, вуьш — нах бахьанехь хуьлу иштта, ткъа кхозлагӀнаш Стигалийн Олалла бахьана долуш зуда ца ялош соцу. Шена и хьехам чохь тарлочунна иза чохь тарлойла».
13Ӏийса волчу бераш далийра, царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цуьнга доӀа дайтархьама. Амма Цуьнан мурдаш резабоцуш, бераш далош баьхкинчарах бехкаш дохуш, луьйш бара.
14Ӏийсас элира: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Стигалийн Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу».
15Царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цо уьш декъалбира. Цул тӀаьхьа Иза цигара дӀавахара.
16Цхьана стага, Ӏийсана тӀе а веана, хаьттира: «Устаз, муьлха дика болх бан беза аса Дела волчохь хедар доцучу дахаре со нисвалийта?»
17Ӏийсас цуьнга элира: «Соьга хӀунда хоьтту ахьа, диканиг муьлха ду бохуш. Цхьаъ бен вац Диканиг. Ткъа хьо Дела волчохь хьайн дахар нисдалийта лууш велахь, хьайна тӀедиллина парзаш кхочушде».
18Жимачу стага хаьттира: «Муьлха парзаш?»
19дай-наний а лара, хьайн уллораниг хьо санна веза».
20Жимачу стага Цуьнга элира: «Иза шадерг а аса кхочушдина, кхин хӀун оьшу суна?»
21Ӏийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гӀой, хьайн мел долу хӀума дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. ТӀаккха, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».
22И дешнаш шена хезча, жима стаг, гӀайгӀане а воьжна, дӀавахара, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш вара.
23Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуна Аса: хала ду хьалдолчунна, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила.
24Кхин цхьаъ а эр ду Аса шуьга: эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».
25Мурдаша, иза шайна хезча, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира Цуьнга: «Ткъа мила ваккхалур ву кӀелхьара?»
26Цаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Адамашка иза кхочушдалур дац, амма Деле дан а ца луш хӀумма а дац».
27Кипас Цуьнга элира: «Хьажахьа! Дерриге Ӏадда а дитина, Хьуна тӀаьхьа хӀиттина-кх тхо. Тхоьга хӀун кхочур ду?»
28Ӏийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дӀа а хӀоттийна, Адамийн КӀант Шен сийлахьчу паччахьан гӀанта тӀе охьахуун волчу хенахь, Суна тӀаьхьахӀиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшур ду.
29Сан дуьхьа шен цӀа, я вежарий-йижарий, я да а, нана а, я бераш, я шен бахам битина волчу стеган хьал бӀозза дукха стамлур ма ду, ткъа Дела волчохь хедар доцу дахар а хуьлуьйтур ду цуьнан.
30Амма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».