1Ӏийса ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вина. Иза яра ХӀарод-паччахь олаллехь волу зама. Ӏийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гӀала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш.
2Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хӀинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта
3Иза шена хезча, ХӀарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гӀала сингаттаме хилла дӀахӀоьттира.
4ХӀарода ша волчу кхайкхира шен махкара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Цо цаьрга хаьттира: «Муьлхачу меттехь дуьнен чу вала везаш вара Дала леррина Къобалвинарг?» — аьлла.
5Цара цуьнга жоп делира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара, хӀунда аьлча шен йозанна тӀехь пайхамаро аьлла ду:
6
7ТӀаккха ХӀарода къайлаха шена тӀе схьакхайкхира малхбалера баьхкина болу хьекъалчаш. Цаьргара цунна хиира, маца гучубаьлла стигалахь керла седа.
8Байтлахам-гӀала уьш дӀахьажош, цо царна тӀедиллира: «ДӀа а гӀой, цу берах лаьцна доллу хӀума а хаа хьовса. Шайна иза карийначул тӀаьхьа соьга хаам бе, цига ваха а вахана, соьга а Цунна Ӏибадат дайта».
9Паччахьо шайна тӀедиллиначуьнга ла а доьгӀна, уьш новкъа бевлира. Царна къеггина схьакхетта гина болу седа
10Шайна и сурт гича, хьекъалчаш чӀогӀа хазахетта хьаьвзира.
11Шаьш цӀа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хӀиттина, кортош охьа а таӀийна, Цунна Ӏибадат дира. ТӀаккха Цунна совгӀаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогӀу еза хӀума а, деза хьакхар а.
12ТӀаьхьо царна гӀенах Дела дуьхьалтесира. Цо цаьрга ХӀарод-паччахь волчу юха ма гӀо элира. Цундела уьш кхечу новкъахула шайн махка дӀабахара.
13Хьекъалчаш дӀабахча, Юсупна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Цо элира: «ХьалагӀатта, схьаэца бер а, цуьнан нана а, Мисар-махка, вадий, дӀагӀо. Аса шайга хаам баллалц, цигахь Ӏе, хӀунда аьлча ХӀарод-паччахь и бер лохуш ву, иза ден гӀерташ а ву».
14Юсуп, сама а ваьлла, бер а, Марем а схьа а эцна, буьйсанна Мисар-махка ведда дӀавахара.
15ХӀарод-паччахь шен Ӏожаллех кхалххалц, уьш цигахь Ӏийра. Иштта кхочушхилира Везачу Эло пайхамарехула аьлларг: «Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте».
16Хьекъалчаша ша левинийла хиъча, ХӀарод-паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо сихонца омра делира, Байтлахам-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а шина шарера далаза долу божабераш дайа аьлла. Цу берийн хан цо билгалъяьккхина хьекъалчашца шен хиллачу къамелехула.
17Цу тӀехь кхочушхилла Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хилла болу хаам:
18
19ХӀарод-паччахь веллачул тӀаьхьа Юсупна Мисар-махкахь юха а Делан малик дуьхьалтесира.
20«Хьала а гӀаттий, — элира цо, — бер а, цуьнан нана а схьа а эций, Исраил-махка дӀагӀо, хӀунда аьлча бер ден гӀиртинарш белла».
21Бер а, Марем а схьа а эцна, Исраил-махка дӀаваха новкъа велира Юсуп.
22Шаьш цига дӀакхачале, цунна хиъна, ХӀарод-паччахь кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан дарже дӀахӀоьттинарг паччахьан кӀант Архул вуйла. Иза цига дӀаваха ца хӀоьттира. Амма цунна гӀенах юха а малик дуьхьалтесира. Цо Юсупна цигара дӀаваха тӀедожийра. ТӀаккха Юсуп Галилай-махка дӀавахара.
23Уьш Назарт-гӀалахь бха хевшира. Иштта кхочушхилира Дала пайхамарехула аьлларг: «Цунах назартхо эр ду».