1Далла лерина долу шоьтан де дӀадаьлча, кӀирандийнахь, сатоссуш, Магдалера Марем а, важа Марем а къуббане хьажа еара.
2Эццахь чӀогӀа мохк бегийра, хӀунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀа а карчийна, цунна тӀе охьахиира.
3Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тӀера бедарш, ло санна, кӀайн яра.
4ГӀаролхой шайна и сурт гича, чӀогӀа кхерабелла, бегош бара. Уьш беллачу нахах тарбеллера.
5ТӀаккха малик зударшка дистхилира: «Шу кхера ма ло. Суна хаьа, аша жӀарах дӀатоьхна хилла Ӏийса лоьхий.
6Иза кхузахь вац. Цо Ша ма-аллара, Иза денвелла. Даха а гӀой, Цуьнан дакъа Ӏиллинчу метте хьовса.
7Цул тӀаьхьа, сихха дӀа а гӀой, Цуьнан мурдашка дӀадийца: „Иза веллачуьра денвелла. Галилай-махка Иза шул хьалха дӀакхочур ву. Цигахь шуна Иза гур а ву“. Иштта ду шуна соьгара дош».
8Сихха къубба чуьра ара а яьлла, и шиъ, шаьшшиъ чӀогӀа кхераелла, яхьийна йоллушехь, йоккхаерца едда и хаам мурдашна дӀахаийта яхара.
9ЦӀеххьана царна новкъахь дуьхьалкхийтира Ӏийса. Цо элира: «Маршалла ду шуьга». И шиъ, тӀе а яхана, Цуьнан когех хьакха а елла, Цунна хьалха охьатаьӀира.
10Ӏийсас цаьрга элира: «Ма кхералаш. Яха а гӀой, Сан вежаршка Галилай-махка гӀо ала. Цигахь гур ву царна Со».
11Зударий мурдаш болчу дӀабаханчу хенахь, масех волчу гӀаролхочо, гӀала схьа а веана, динан коьртачу дайшка дерриг а хилларг дӀадийцира.
12Къанойх дӀа а кхетта, цаьрца барт а бина, динан коьртачу дайша цу тӀемалошна дуккха а ахча делира.
13Цара элира: «Аша массаьрга а ала деза: „Буьйсанна Цуьнан мурдаша, схьа а баьхкина, тхо дийшина долчу хенахь, Цуьнан дакъа, лачкъа а дина, дӀадаьхьира“.
14И хаам мехкан куьйгалхочунна дӀахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таӀзар ца дайта».
15Ахча схьа а эцна, цара, шайна ма-хьеххара, нахе дӀадийцира. И хаам жуьгташна юкъахь дӀасабаьржира. Таханлерчу дийне кхаччалц схьадогӀуш а ду иза.
16Ӏийсас тӀе-ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тӀе дӀавахара цхьайтта мурд.
17Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьӀира, амма цхьаццаберш шекбевлира.
18Ӏийсас, тӀе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла.
19Иштта, даха а гӀой, Ден, КӀентан, Делан Синан цӀарах массо а халкъаш хих чекхдаха,
20Аса шайна тӀедиллинарг дерриг а лардар а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тӀекхаччалц».