1Цхьана дийнахь Ӏийсана уллохь дукха адам гулделлера. Иза, ламанан басе хьалаваьлла, охьахиира. Ӏийсана тӀе гулбелира Цуьнан мурдаш.
2ТӀаккха Ӏийса царна хьехам бан волавелира:
3
4
5
6
7
8
9
10
11«Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тӀаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь.
12Хазахетарца даккхийделаш! ХӀунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».
13«Шу Лаьттан туьха ду. Нагахь санна туьхан чам дӀабаьлча, иза муха дурдийр ду? Иза, нахе когашца хьеша а хьешийтина, дӀакхоссан бен, цхьанна а хӀуманна пайденна дац.
14Шу дуьненан серло ю. Ламанан буьххьехь лаьтташ йолу гӀала къайлаяккха йиш яц.
15Иштта латийна йолчу стогарна тӀехула кхаба ца хӀоттайо — иза лаккхахь дӀахӀоттабо, цуьнга чохь мел волчунна а серло ялийта.
16Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гӀуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а».
17«Ма мотталаш, Со товрат тӀера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дӀадаха веана. Со и хьехамаш дӀабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву.
18Аса чӀагӀо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дӀадоккхур дац, цу тӀехь аьлларг кхочушхиллалц.
19Товрат-хьехам тӀера кӀеззиг долу хӀума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тӀедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дӀа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву.
20Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Ӏелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тӀелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц».
21«Шуна ма-хаъара, вайн дайшка аьлла хилла: „Адам ма де. ХӀора стаг вийна волу зуламхо кхелахочо жоьпе озор ву“.
22Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгӀазвахана волу хӀора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Ӏовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таӀзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хӀума!“ — аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цӀера хьалха а хӀоттийна, жоьпе озор ву.
23Цундела хьуо Далла сагӀа даккха воьдучу хенахь цхьаъ хьайна реза воцуш хилар хьайна дага дагӀахь,
24и совгӀат сагӀа доккхучу кхерчана йисте охьа а диллий, цу стагаца куьйге ваха хьажа. Цигара юхавирзинчул тӀаьхьа дийр ду ахьа Далла гӀуллакх.
25Хьо кхелахочуьнга дӀавала кечвеллачуьнца, шаьш цига дӀакхачале, катоххий барт бан хьажа, куьйге а гӀо. Ахьа иза ца дахь, хьан довхочо хьо кхелахочуьнга дӀалур ву, ткъа цо гӀаролхочуьнга а велла, набахти чу кхуссуьйтур ву.
26Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тӀаьххьарчу шайнна тӀекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дӀаделла а бен».
27«Шуна хезний: „Нахаца ма лела“, — аьлла хилар?
28Ткъа Аса боху шуьга: нехан зудчуьнга ямарта ойланца дӀахьаьжначо шен даг чохь зуда-майрачун юкъаметтиган тешаме хилар дӀадаьккхина.
29Нагахь санна хьан аьтту бӀаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах влар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул.
30Хьайн аьтту куьг къилахь долчунна тӀегӀерташ делахь, и куьг дӀа а даккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах влар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул».
31«Аьлла ду: „Шен зудчуьнца дӀасакъаьсташ волчо цунна йозанца тоьшалла дала деза“.
32Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дӀасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тӀе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо».
33«Вайн дайшкара дуьйна аьлла ду: „Айхьа Везачу Элана биина болу дуй ма къарбе, иза кхочушбан хьажа“.
34Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чӀагӀо — иза стигалийн Паччахьан шахьар ю.
35Лаьттах а ма е чӀагӀо — Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй — иза веза воккхачу Паччахьан гӀала ю.
36Шайн коьртах лаций а ма е чӀагӀо, хӀунда аьлча коьртара цхьа чо я кӀайбан а, я Ӏаржбан а шун ницкъ кхочур бац.
37Шаьш, „хӀаъ“ аьлла, чӀагӀо яхь, иза „хӀаъ“ хилийта. „ХӀан-хӀа“ шайн ала дезахь, цу тӀехь латта. Цу шина дашал сов даьлларг — иблисан лаам бу шуна».
38«Шуна хезна ду хьалха аьлла хилларг: „Хьайн бӀаьрг баккхахь, — цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха“.
39Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тӀе тӀара тоьхнехь, аьрру агӀор йолу бесни а зуламхочунна тӀеерзае.
40Кхелехь хьуна тӀера коч а къевсина, хьайца девне ваьллачунна, мел еза елахь а, важа бедар а дӀало.
41Хьайна ницкъ а беш, хьайга эзар гӀулч яккхийта гӀортахь, ши эзар гӀулч а йоккхуш, дӀагӀо.
42Хьайга хӀума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе».
43«Шуна хезна хьалха аьлла хилларг: „Хьайн уллораниг веза, мостагӀчуьнца гома а хила“.
44Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагӀий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха —
45шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту — дикачунна а, вочунна а. ДогӀа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а.
46Шуна шайца дика берш бен безаш ца хилча, цунах хӀун пайда хир бу? Иза санна йолу юкъаметтиг-м ял йоккхучара а лелайо шуна.
47Шайн вежаршка бен аша салам луш ца хилча, цунах тамаш бан меттиг яц шуна. И санна йолу юкъаметтиг дин доцучу наха а лелайо шуна.
48Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цӀена хила».