1Ӏийса ламанан басера охьавоьссича, Цунна тӀаьхьа дукха адам хӀоьттира.
2Цунна тӀе веара чкъураца ца йоьрзу цамгар йолу цхьа стаг. Ӏийсана хьалха гора а хӀоьттина, цо дийхира: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».
3Куьг дӀа а кховдийна, цунах дӀа а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» Цу сохьта и стаг цамгарх товелира.
4«ХӀокху хӀуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, тӀаккха Далла лерина сагӀина хӀума ло, Муса-пайхамаро вайна тӀе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
5Ӏийса Къапарнаме кхаьчча, Цунна тӀевеара римхойн тӀемалойн хьаькам. Цо гӀо дийхира Ӏийсага:
6«Эла! ЦӀахь, энаша дӀа а лаьцна, чӀогӀа могуш воцуш Ӏуьллуш ялхо ву-кх сан».
7Ткъа Ӏийсас элира: «ДӀа а веана, Аса товийр ву иза».
8ТӀемалойн хьаькамо элира Цуьнга: «Эла! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кӀел ван. Ахьа омра дича, сан ялхо толур вара.
9Иза суна дика хаьа, хӀунда аьлча суна тӀехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тӀемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дӀавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогӀу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гӀуллакх до».
10Ӏийсана и къамел хезча, Цо цецваларца Шена тӀаьхьахӀоьттинчаьрга элира: «Ас билггал боху шуьга, цу тайпана Делах тешар Суна исраилхошна юкъахь а ца карийна.
11Кхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахӀимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дӀалоцур ю.
12Ткъа Шаьш Делан Олалле тӀекхаьчна хеттарш-м Ӏаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».
13Ӏийсас тӀеман хьаькаме элира: «Вало, дӀагӀо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла».
14Кипа волчу Ӏийса веача, Цунна гира, хӀусамден стуннана, чӀогӀа дгар а долуш, цомгуш Ӏуьллуш.
15Иза, куьг дӀа а кховдийна, цуьнан куьйгах дӀаӀоттавелира. Дгар дӀа а даьлла, хьала а гӀаьттина, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.
16Суьйранна Ӏийсана тӀебалийра жинаша хьийзош болу нах. Ӏийсас Шен дашаца жинаш дӀалелхийра, кхиболу цомгуш берш туо а бира.
17Иштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлларг:
18Шена гонах адамийн тоба гича, Шен мурдашка Ӏоман дехьарчу берда тӀе довла элира Ӏийсас.
19Цхьа Ӏелам стаг, Кхунна тӀе а веана, вистхилира: «Сан Устаз, со Хьуна тӀаьхьа хӀуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».
20Ӏийсас цуьнга элира: «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц».
21Ткъа вукху мурдо Кхуьнга элира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цӀа а вахана, сайн да дӀаволла».
22Амма Ӏийсас цуьнга элира: «ТӀаьхьахӀотта Суна, белларш беллачарна бита».
23Иза хинкеманна чу хиича, мурдаш Цунна тӀаьххье чухевшира.
24ХӀорд чӀогӀа ловзабелира, яккхийчу тулгӀенаша хӀордкема дӀасакхуьйсура. Амма Ӏийса вижначуьра меттах ца волура.
25ТӀаккха, тӀе а бахана, Кхуьнан мурдаша Иза самаваьккхира. Цара элира: «Эла! КӀелхьардахахьа вай! Ӏожалла улло кхаьчна-кх вайна!»
26Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кӀезиг тешарш?» Хьала а гӀаьттина, Цо мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира.
27Наха цецбовларца бохура: «Мила ву техьа Иза, мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»
28Ӏийса гадархой болчу кхаьчча, нах дӀабоьхкинчу хьеха чуьра аравелира жинаша хьийзош волу ши стаг. Уьш чӀогӀа дера хилар бахьана долуш, цу новкъахула цхьа а стаг лела ваьхьаш вацара.
29Цара мохь хьоькхура: «ХӀун оьшу Хьуна тхоьгара, Делан КӀант? Тхан хан тӀекхачале, тхо хьийзо веана Хьо кхуза?» — бохуш.
30Генахь боццуш бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара.
31Жинаша Ӏийсага дехар дора: «Цу нехан кийрара Ахьа тхо лахкахь, хьакхарчийн кийранашка тхо доссадахьара Ахьа», — бохуш.
32Цо элира: «ДӀагӀо!» Нахана чуьра ара а девлла, жинаш хьакхарчийн кийранашка дӀахьаьвдира. Цу сахьтехь хьакхарчийн бажа лекхачу берда тӀера Ӏам чу кхоссабелира, цу юкъахь мел йолу хьакха хи буха а йоьдуш.
33Ткъа хьакхарчийн Ӏуй цу меттера бевдира. ГӀала дӀа а бахана, цара хьакхарчашна хилларг а, жинаша хьийзош болчу нахана хилларг а массарна дӀадийцира.
34Цу гӀалахь мел долу адам Ӏийсага хьажа араделира. Иза шайна гиначул тӀаьхьа цара Цуьнга дехар дира, цигара дӀагӀо аьлла.