1ЯхӀуд-мехкан паччахьаша — Йовтама, Ахьаза, Хьузакх-ЯхӀус — паччахьалла дечу хенахь Муршат-юьртара волчу Мика-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Оцу хаамехь Мика-ЯхӀуна дӀаделладелира Шамран а, Ярушалайм а цӀераш йолчу гӀаланех хиндерг.
2
3
4
5Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла а, Исраилан халкъо летийна къинош бахьана долуш ду и дерриге а. ХӀун бахьаница ю Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла? Шамран-гӀалица йоьзна юй те иза? ХӀун бахьаница бу ЯхӀуд-махкахь цӀушна сагӀа доккху гунаш? Ярушалаймаца доьзна-м дац те иза?
6Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гӀаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тӀулгаш тогӀи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш.
7Дерриге а цуьнан Ӏамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгӀаташ цӀергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цӀуш бохабойтур бу. ЦӀуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгӀаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дӀалур ду».
8Юха Мика-ЯхӀус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Ӏуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангӀалкх санна, угӀур ву, бухӀа санна, воьлхур ву,
9хӀунда аьлча Шамранан чевнаш йоьрзур йолуш яц. Изза ЯхӀуд-махкана а дӀакхаьчна. Ур-атталла сан халкъан кевне, Ярушалайме а, кхаьчна иза».
10Иза Гати-гӀалахь
11Эхь дайна, берзинабевлла болу Шапир-гӀалин бахархой, керлачу метте дӀакхалха. Цаинунехь бехаш берш а дӀабовдалур бац. (Цаинун — «довда» боху маьӀна долуш ду). Байт-Эцал-юьртахь дечу белхаро шу цигахь соцуьйтур дац.
12Марут-гӀалин бахархой шайна гӀо даре сатесна бу, хӀунда аьлча Везачу Элера болу бохам Ярушалайман кевне кхаьчна (Марут — цуьнан «къаьхьа» бохург ду).
13Лахиш-гӀалин бахархой, чехка говраш дӀайожа гӀудалкхана (Лахиш — цуьнан маьӀна «гӀудалкх» бохург ду). Шу Ярушалайман бахархойн къинойн юьхьиг ю, хӀунда аьлча шуна тӀера дӀадоладелла Исраилан халкъан зуламаш.
14Иштта аша Муршат-Гати-гӀала совгӀаташ дӀакхоьхьуьйтур ду, амма Ахзиб-гӀала Исраил-мехкан паччахьаш Ӏехорна хир ю (Муршат — цуьнан маьӀна «зудчух луш болу там» бохург ду).
15Марешера бахархой, Ас шу мостагӀчун кара дӀалур ду (Мареш — цуьнан маьӀна «толамхо» бохург ду). Исраилан халкъан куьйгалхой, бевдда, Ӏадулам-хьехана чохь къайлабевр бу.
16Дукха дезачу шайн берашна шаьш гӀайгӀанехь хиларна, шайн коьртара месаш дӀаяша. Шу долчуьра уьш махках бохург хиларна, ломъаьрзунан санна, шайн кортош дерзина даха.