1ТӀаьхьарчу деношкахь иштта хир ду:
2
3
4
5Массо а халкъаш шайн деланийн дуьхьа лелаш ду. Ткъа вай вешан Дела волчу Везачу Элан дуьхьа лелар ду абаденналц.
6«Оцу дийнахь, — боху Везачу Эло, — Ас астагӀнаш схьагулбийр бу, генна дӀасалаьхкинарш а, Айса бохам тӀебаийтинарш а цхьаьнатухур бу.
7Ас астагӀчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дӀасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тӀехь оцу хенахь дуьйна абаденналц.
8Ткъа хьо, жен бӀов, Цийон-ломан йоӀан чӀагӀо! Хьан хьалхалера олалла, хьуна юха а деана, хьоьга юхадоьрзур ду. Паччахьалла Ярушалайман йоӀе доьрзур ду».
9Стенна хьоькху ахь и шийла мохь? Паччахь вац ткъа хьан? Я хьо цхьа а хьехамча воцуш-м ца йисина, берах хьийзош ерг санна, лазарша сел чӀогӀа дӀалаццал?
10Цийонан йоӀ, холчу хӀотта, бер дечу зудчо санна, лазарех баланаш хьега, хӀунда аьлча хьо хӀинца, гӀалара ара а яьлла, аренгахь ехар ю. ТӀаккха хьо Бавел-гӀала кхочур ю. Хьо цигахь кӀелхьаръер ю. Везачу Эло хьо цигахь хьан мостагӀийн мехах карара паргӀатйоккхур ю.
11Ткъа хӀинца-м дукха халкъаш хьуна дуьхьалдовла схьагулделла. Цара боху: «Сийсазъяьккхина хуьлийла иза! БӀаьрг бузийла вайн Цийон-ломе а хьежна!»
12Амма Везачу Элан ойланаш царна ца евза, Иза дан воллучух а уьш ца кхета. Цо, хьаьтта цӀевнаш санна, шаьш схьагулдина хиларх а ца кхета.
13Везачу Эло боху: «Цийонан йоӀ, хьалагӀатта, ялта ара! ХӀунда аьлча Ас, аьчка маӀаш а, цӀестан бергаш а йолу сту санна, онда хуьлуьйтур ю хьо. Ахьа дукха халкъаш хӀаллакдийр ду. Ахь цара нахера дӀадаьккхинарг а, церан хьал а дерриге а дуьненан Олахо волчу Везачу Элана дӀалур ду».