1ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга:
2ЛадогӀа, лаьмнаш, Везачу Элан гӀуллакхе! Лаьттан онда бух, ахьа а ладогӀа! ХӀунда аьлча Везачу Элан цхьа къовсам бу Шен халкъаца. Цо Исраилан халкъе бехк боккху.
3«Сан халкъ! ХӀун вон динера Ас хьуна? ХӀун гӀело йинера Ас хьуна? Схьадийцал Соьга.
4Ас, Мисар-махкара ара а даьккхина, лоллин цӀийнера мехах паргӀатдаьккхира хьо. Ас хьуна хьалхабевлла бахийтира Муса а, АхӀарон а, Марем а.
5Сан халкъ! Дагадаийтахьа Муаби-мехкан паччахьо Балакха дагалаьцнарг. Цуьнга хӀун жоп делира БеӀаран кӀант волчу БалиӀама? ХӀун хуьлура Шитимера Галгале кхаччалц, Делан бакъдолу гӀуллакхаш хьуна довзийтархьама?»
6«Стенца дӀахӀотта веза со Везачу Элана, стигалан Далла, хьалха, со Цунна Ӏамал ян веача? Шаре девлла эсий а далош, дийнаташ дагоран сагӀанца дӀахӀотта те со Цунна хьалха?
7Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Ӏенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тӀера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тӀера?»
8Ва адам! ДӀахаийтина-кх хьоьга диканиг хӀун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хӀун ду а. Иза ду — нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кӀезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар.
9Везачу Элан аз ду гӀалане кхойкхуш, (ткъа Хьуна хьалха ларамах буьзна хилар хьекъалалла ду): «Ва къам а, гӀалахь гулбинарш а, ладогӀа!
10ХӀинца а ю те Ӏесачийн цӀенош чохь харцахьаяьхна хазнаш а, сел дегаза долу харц сахь а?
11Нийса хир дуй те ас харц терза а, харц герканаш чохь йолу тӀоьрмаг а магийтича?
12ГӀалин хьолахой къизаллах буьзна бу. Цуьнан бахархоша аьшпаш буьтту, харцметтанаш ду церан багахь.
13Ас-айса хьо, тоха а тухуш, лазор ю. Хьан къинош бахьана долуш, Аса хьо яссор ю.
14Ахьа яа хӀума юур ю, амма хьо юзур яц. Хьан кийра бассабелла хир бу. Хьайн долуш дерг лардийр ду ахь, амма хӀумма а ларлур дац хьоьга, ткъа лардинарг а Ас туьра кӀел дохуьйтур ду.
15Ахь ялта дӀадуьйр ду, амма иза хьокхур дац. Зайтдиттан стоьмех даьтта доккхур ду, амма цунах пайда оьцур бац, кемсех мутта доккхур ду, амма чагӀар мер дац.
16Ӏумари-паччахьан парзаш а, Ахьаб-паччахьан цӀийнан массо а гӀуллакхаш а ахь лардарна а, церан ламасташца шу леларна а, Ас хьо, йохийна, яссор ю, ткъа хьан бахархой, шок а лоькхуш, боьлуьйтур бу. Сан халкъан сийсазалла ахь а хьоьгур ю».